ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Доллар а, евро а дазлуш ду Оьрсийчохь


Цхьана Оршотан дийнахь валютан рынкехь цхьа миллиард доллар доьхкина Оьрсийчоьнан Коьртачу Банко.

Оццул дукха цхьана дийнахь шен кечу пачхьалкхийн ахча доьхкина дацара цу Банко 2011-чу шеран ГIадужу-баттахь дуьйна. Цуьнах лаьцна хаам бина Оьрсийчура «Коммерсант» а, «Ведомости» а газеташа.

Коьртачу Банко диначо аьтто бина цIеххьана долларан а, еврон а курс хьалаялар сацон. Кху тIаьхьарчу деношкахь саццаза дазлуш ду и валюташа. Иштта евро дазделла цкъа а ца хиллачу кепара. Тахана цхьана еврох 47 сом ло Оьрсийчохь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG