ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кравчукан маслаIатан план


Украинин хилла волчу хьалхарчу президенто Кравчук Леонида леррина план кечйина шайн мохк политикан кризисах хьалхабаккха. Кхаарин дийнахь хиллачу Лаккхарчу Радан кхеташонехь цо хьалхаттар дира конституцина реформа ян комисси кхолла еза аьлла.

Ша а, шолгIа Украинин хилла волу президент Кучма Леонид а кийча ву оппозицина а, Iедалшна а юкъахь хир долчу дийцаршна гарант хIотта бохуш вара иза. Экс-президенто иштта кхайкхам бира депутаташка лецна болу демонстранташ дIа а хецна, Iедалан гIишлонаш маьрша яхийта амнисти тIеоьцуш кхаж тасахьара аьлла.

«Массо а пачхьалкхаш а, Украина а кхеташ ю мохк тIамана герга бахана хилар. Махкахь Iедал карахь ду шина агIонан. Дуьхьалонан акцеш гIаттаме йирзина», - элира Кравчук Леонида. Шинарин дийнахь шен дарж дитира Украини премьер-министро Азаров Николайс, ткъа Лаккхарчу Радано юхадехира ша кху беттан 16-чу дийна тIеэцна долу бахархойн маьршорнаш йоьхкуш долу низамаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG