ТIекхочийла долу линкаш

Шен бехк хиларна къера хилла Оьрсийчура хакер


Ша бехке хиларна къера хилла Шинарин дийнахь Iамеркерчу кхелана хьалха хIоьттина волу Оьрсийчоьнан махкахо Панин Александр. Цо даре дина бозбунчулла лелор Iалашонца зIе латточу электоранан коьчаллех ша пайда эцна хилар.

Джорджия-шататан Атлантерачу прокуратуро бехке вина 24-шо долу Панин «СпайАй» олу компьютеран вирус кхолларна. Цуьнах пайда а оьцуш, Малхбалерчу Европера хакерийн тобано лачкъийна 70 сов миллион доллар. Панин дIалецира Доминиканан республикехь. Стохка аьхка иза дIакачийра Iамерке.
XS
SM
MD
LG