ТIекхочийла долу линкаш

Амнистин билламашна реза яц Украинера оппозици


Кхаарин сарахь тIеэцна амнистех лаьцна низам кхочушдан дага яц Украинера оппозици. Дуьхьалонан акцин декъашхой реза бац шаьш дIалецна гIишлонаш дIахеца. Ницкъаца оппозцин лагер дIасацалаллийта иза ларъяр чIагIдан сацам бина демонстранташа.

Цуьнах лаьцна хаам бина Майданан коменданто Парубий Андрейс. Амнистех лаьцначу низаман билламаш шаьш кхочуш бан дагахь ца хиларх лаьцна Незалежности майданахь гулбеллачарна хьалха вист хуьлуш дIахьедар дира «Маршо» олучу оппозицин партин лидеро Тягнибок Олега.

Амнистех лаьцна долчунизаман проектаца а догIуш, дуьхьалонан акцин декъашхой жоьпаллех хьалха бохуш бу, къоршаме зуламаш динарш боцурш. Цу документ тIехь аьлла ду амнисти йийр ю, нагахь 15 де далале демонстранташа шаьш дIалийцина йолу Iедалан гIишлонаш маьрша яхахь аьлла.

Цу проектон автор ву президентан Лаккхарчу Радехь волу векал Мирошниченко Юрий. Цо дийцарехь, ницкъаца Майдан дIасалала дагахь дац Iедалш. Ткъа амнисти ярх лаьцна долу низам болх бан долалур ду Украинин куьйгалхочо тIе куьг а таIийна долу иза зорабанан гIирзашкахь арадалахь.
XS
SM
MD
LG