ТIекхочийла долу линкаш

Украинехь хьал чолхечу даьккхинчарна дуьхьал санкцеш кхайкхо дагахь ю Iамерка


Iамеркан Цхьаьнатоьхна Штаташа низам кечдан долийна цхьаболчу Украини Iедалан векалшна а, ницкъ а беш, хиллачу дуьхьалонан акцийн декъашхошна а дуьхьал финансашца йоьзна санкцеш кхайкхош долу. Reuters-агенталло дийцарехь, Конгрессан декъашхоша дийцаре дина сенкцеш кхайкхорца доьзна хаттарш президентан Обама Баракан администрацица.

Кхаарин дийнахь Конгрессан векалллин чоьнан дуьненаюкъарчу гIуллакхашкахула йолчу комитето резолюци тIеийцира, Украинерчу Iедалшка а, оппозицин декъашхошка а цигара конфликт машаран гIулчашца дIаерзоре кхойкхуш.
XS
SM
MD
LG