ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинехь схьакарийна «Автомайданан» жигархо Булатов Дмитрий


«Автомайданан» лидерех цхьаъ волу Булатов Дмитрий лачкъийначу наха иза вуно къиза хьийзина, Украинерчу дуьхьалонан акцишна ахча луш верг схьавийца бохуш. Шена йинчу чевнех лаьцна Булатовс ша дийцира журналисташка Еарин сарахь. Хьалхо кхечу цу кеппара лачкъийна хиллачу жигархочо Луценко Игора а дийцира, шена а Майданан ахча луш верг мила ву дийца бохуш ницкъ бина хиларх лаьцна.

Лаккхарчу Радан депутатана Порошенко Пётрна хетарехь, Булатов а, Луценко а лачкъор вовшашца доьзна хила мега. Иза динарш цхьа нах бу аьлла хета цунна. Кху беттан 22-чу дийнахь лачкъийна волу Булатов карийра Еарин дийнахь. Иза дIавигинчу наха, масийтта дийнахь ницкъ а бина, охьатеснера иза Вишенки олучу Киевана гена йоцуш йолчу эвлан йистехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG