ТIекхочийла долу линкаш

Нохчий тIепаза байарна оьрсийн эскархой бехке бина Страсбургерчу кхело


Нохчийчура бахархоша чубеллачу рогIера латкъам хьокъехь сацам бина Еарин дийнахь Страсбургерчу Адамийн Бакъонийн Кхело. Оьрсийчоь бехке йина 2001-чу а, 2004-чу а шерашкахь адамаш ларйоцуш дайарна.

Оьрсийчоьнна латкъам бинарш Микиева а кхин берш а боху 5 доьзал бара. Страсбургерчу кхело цу гIуллакхехь вуьйцуш волу 5 стаг варна бехке йина Оьрсийчоьнан ницкъаллин структураш.
XS
SM
MD
LG