ТIекхочийла долу линкаш

Мигранташ Сочехь баца а бина, аракхийсина Оьрсийчоьно


Сочи -- Мигранташ-белхалой автобусе хьовсуш бу, Красная поляна курортехь гIишлошъяран белхан бинчул тIаьхьа, Чиллан беттан 10, 2013

Сочи -- Мигранташ-белхалой автобусе хьовсуш бу, Красная поляна курортехь гIишлошъяран белхан бинчул тIаьхьа, Чиллан беттан 10, 2013

Эзарнаш белхалой Сочи-гIала баханера, Олимпан ловзаршна бечу кечамна тIехь са яккха Iалашонца. Амма цхьа а къепе йоцуш ечу гIишлошъярах дикка пайда эцна, «цхьана денна кхуллучу фирманаша». Шаьш лаьцна белхахой Iеха а бина, тесна битина цара Сочехь. Оцу хьокъехь ю тахана Балмфорф Тома кечъйина шен рогIера материал. Иза гочъйина Умарова Аминас.

Сочи, Дечкен-беттан 29-де -- Кепек ахча доцуш, декхар вахана волу Подрезов Евгений ша вехачу Ростов-гIалара ши шо хьалха новкъа ваьллера Сочи-гIала ваха.

Амма, юьхьанцара, ахча даккхалур ду аьлла хеттарг, доккхачу декхаре дирзина. 28 шо долчу Подрезовна гина а дац шен лур ду аьлла хилла алапа. Цунна тIаьхьа иза чIогIа мел волу, цунна дуьхьала доьрзу иза. Иза балха дIаэцна йолу, Томскехь хьесапе эцна хилла гIишлошъяран компани, цIеххьана тIепаза яйна. Ша инарла директор ву бохуш лелла стаг а, юкъара леларг бен ца хиллера. Эххар иза а вайна. ХIара санна 108 стаг ву оцу хьолехь висина. Уьш бу хIинца декхар бахана 3,5 миллион соьмана.

Оренбургера Соче балха вахана хиллачу кхин цхьана стаг Кузнецов Романа шен балдаш дIатегна, йиш йоьхна.
Сочера Iаьнан Олимпан Ловзаршна кечам барна тIехь дика куьйгаш дохдина, цхьана денна кхоьллина хиллачу фирманаша. Ерриг Оьрсийчура, кхечу пачхьалкхашкара Сочехь ахча даккха бахана хилла нах Iехон аьтто баьлла цигахь лаьтта криминал, кхаьънаш эцар а бахьанехь.

Подрезов а, Кузнецов а гIазакхий ву. Амма дукхах берш, хьажархоша дийцарехь, арахьара тIебаьхкина мигранташ, ахча ца даларал совнаха, махках баьхна, белхаш бина ма-бевллина.
Симонов семен, Iедалх йозуш йоцчу Юккъерчу Азера мигранташна гIо дечу Сочера декъан директоро бахарехь, хIинца и мигранташ аракхуьйсуш бу гIалара.

Симонов: «Кхузахь Олимпан объекташкахь белхаш бан баьхкина хиллачу эзарнаш нахах хьакхаделла иза. ХIинца, массо хIума йина уьш бевллачу хенахь, уьш аракхуьссуш бу. Цкъа делахь, царна алапа ца ло. Махкал арабоху я, бовдийтархьамма, тIеIаткъам бо. Документаш нийса доллушехь, тIеIаткъам барна, кхузара дIабаха безаш бу уьш.»

Симоновс бахарехь, Даханчу шеран Товбецан баттахь церан организаци схьайилличхьана дуьйна, эзарнаша мигранташа эзарнаш латкъамаш бина цаьрга. Коьртачу декъана, арахьара мигранташ бу уьш.

Амма, Сочехь белхалошкахьа къуьйсучу адвокато Попков Александра бахарехь, компанеша юкъаралелачу нахах пайда оьцуш хилча чIогIа хала ду, юьхье кхиа а, бакъдерг карон а.

48 шо долу Бозоров Бахшило Узбекистанера вахана ву Соче. Масех шарахь Оьрсийчохь биначул тIаьхьа, бIаьста кхаьчнера иза Соче. Шина баттахь, Олимпан эвларчу хьешан цIа деш болх бина цо. Амма дIавахенера, Москохара фирман долахочо шена ах алапа бен ца делча.

Симовновн гIоьнца кхеле латкъам а бина, шен схьа даланза дисина алапа схьадаккха догйовха ву Бозоров. Олимпан ловзарш дIахьучу юкъанна Сочера дIавахана иза. Шен белхан документаш нийса доллушехь, ша полицино лацарна а, цул чIогIа депортацех а кхоьру иза. Махкара араваккхахь, пхеа шарана Оьрсийчу ваха дехка тарло. «Мигрантийн кхузахь Iойла дац», элира цо.

Даханчу шеран Гезгмашин баттахь Краснодар-гIалин Iедалша мигранташна дуьхьал йолийна кампани, къаьмнаш къесточу кампаница цхьананисъелира. НеIаршна тIе хIуьттуш, документаш талла хIоьттира иммиграцин полици.

2013-чу шеран тIаьхьарчу беттанашкахь эзарнаш мигранташ лаьцнера, полицехь ханна чубоьхкина а латтийра. Царах дукхах берш Оьрсийчура арабаьхна. Алапа доцуш аракхийсина а бу шортта. Цхьаберш къайлабевлла, дуккха а шаьш дIабахана, хьал кхин а гена далале.
Ша а, шен махкахой а хьал кхераме даллалц, Iа лууш дац. Цундела дIадоьлху шаьш бохуш къамел дира цо, ша новкъа валале цхьа де хьалха.

Бозоров: «Дукхах болчарна депортаци йина. Тхоьца болх бина цхьа стаг стомара араваьккхина, кеманца д1авахана иза. Цундела арадовла кхоьру тхо.»
XS
SM
MD
LG