ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Интернет-сайташ дIакъовла атта хир ду Оьрсийчохь


Чиллан-беттан 1-чу дийнахь дуьйна Оьрсийчохь болх бан доладелла Роскомнадзор-урхаллана интернет-ресурсаш дIакъовла бакъо луш долу низам. Цу тайпа сацам бан йиш хир ю Инарла-прокуроран а, цуьнана когаметтийн а дехарца, нагахь царна интернет-сайт тIехь экстремизм а, къепедацаршка кхайкхар а тусалахь.

ИТАР-ТАСС-агенталло бинчу хаамца, сайт болх бечура сацор ю оцу сохьта. ХIинццалц дIакъовлуш ерш яра берийн порнографи а, наркотикаш кечйон хьехамаш а, ша шена тIе куьг дахьаре кхоьйкхуш а йолу сайташ. Экстремизмаца йоьзна хета материалаш тIехь йолу сайт дIакъовла оьшуш бара кхеллан сацам.

Бахьанаш а лоьхуш, сайташ дIакъовла мега хIинца тIеэцна низам бахьана долуш аьлла саготта бу Оьрсийчохь дуккха а нах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG