ТIекхочийла долу линкаш

ГIазакхийн маттана шорто еш ю Нохчийчохь


Оьрсийчоь -- гIазакхий мотт базбеш диллина сурт

Оьрсийчоь -- гIазакхий мотт базбеш диллина сурт

ГIазакхийн меттан хьехархой кхайкха болийна Нохчийчу. И тайпа сацам бина меттигерчу Iедалша, даханчу шарахь пачхьалкхан экзамен дIалуш дешархоша лахара хаарш гайтинчул тIаьхьа. Нохчийчу баха реза хиллачу гIазакхийн меттан хьехархойн дахаран хьелаш лаккхарчу тIегIана тIехь нисдо Iедалша. Карахь болчу хаамашца, 70 гергга хьехархо реза хилла оцу программин декъахь нохчийн ломан ишколашкахь болх бан

Нохчийчохь, гарехь, цхьан нохчийн маттаца хилла Iаш бац бала. Гарехь, изза хьал ду, оьрсийн маттаца а. Стохка дIаяхьанчу пачхьалкха экзаменаша гайтина, нийса ах дешархоша, и мотт кхачам болуш хьов, уггаре лаххарчу барамехь хууш ца хилар. Дешаран а, Iилманан министраллехь болчу хаамашца, стохка, оьрсийн маттан, ерриге а республикехь, цхьана йоIа бен ца елла лаккхара мах а хадош и экзамен.

И хьал, де дине мел долу да вокхвийра волуш доцун дела, оьрсийн хьехархой, леррина и мотт хьеха чукхайкха буолийна Нохчийчу. Республика куьйгалохочо Кадыров Рамзана бахарехь, хIинцале иштта веана ву 70 хьехархо. Уьш ша берш, ломанца йолчу яьрташка дIахьовсийна, цигарчу ишколашка. Бена-Ведан цIе йолчу оьвларчу ишколе а кхаьчна ишттачу программийца ши хьехархо. Цхьа Москохана уллерачу кIоштера ю, важа-Сибрехара ю.

Царах цхьаммо Шуструйская Светланас, Маршо радиога иштта дийцира, оьрсийн маттаца хIун бала бу Нохчийчохь.

Шуструйская Светлана: «Оьрсийн маттаца боккха бала бу. Ишколехь вовшах деш долу къамел а нохчийн маттахь ду. Хьо классехь болх бан йолаелча, кегий берш а ца буьйцу, юккъерачу классашкара берш схьаэцча а, чIогIа вуо кхетам бу оьрсийн матах. Цундела, чIогIа оьшуш ду, оьрсийн къомах болу хьехархой кхуза бахкар. ХIунда аьлча, и мотт лелориш бу оьшуш».

Хьелаш а тIебаьхкинчу хьехархойн дика ду. Иза алапах хьакхулуш дац, амма, чохь Iан а, баха а меттиг шайна елла царна. Цунна шаьш чIогIа реза ду аьлла, тидам бира Шуструйская Светланас.

Шуструйская Светлана: «Суна хаарехь, конференцехь 70 стаг веана аьлла дуьйцуш дара. Тхан ишколе шиъ ю тхойшиъ. Хьехархойн цIа а ду дина. Тхоьга хьоьжуш а хилла. Шиш петар ю цу чохь. Геннарчу Малхбалера Екатерина а ю иштта еана. Ас дIалаьцна ю цхьана чоьнах ерг, иштта цуьнгахь а ю изза. Ша мел долу хьелаш а ду цу чохь. Оха баркалла боху, хаза а хета. Тхуна хазахета «Оьрсийн хьехархой цIеберзор» олуш йолу и программа йолуш. Суна моьттура иза къоначарний бен яц. Амма, хене а ца хьоьжуш чукхойкхуш бу оьрсийн а, оьрсийн маттан говзанчаш».

Бена-Веданара юккъерачу ишколан директора Моллаев Салавдина дукха дика хета и ши хьехархо Нохчийчу еана. Берашна оьрсийн маттаца болу бала а, мичара бу дийцира цуо.

Моллаев Салавди: «Оьрсийн мотт хьоьхуш бу вай махкахь, амма, муьлха а мотт бийцарх терра бен Iемаш бац. Оьрсийн мотт хьоьхуш оьрсий хилча, цуьнца лаахь а, ца лаахь а, къамел оьрсийн маттахь дан дезаш нисло. Цундела, кхечу къома хьехархоша и мотт Iамош хилча дика хуьлу. Схьагарехь берашна, шеца оьрсийн мотт буьйцуш волу хьехархо нохчий валахь, эхь хета цуьнца иза бийца. Ийзало иза бийца. ХIинца, хьалхарчу классехь 15 дешархо ву, хьехархочо бахарехь, царах цуьнца хецца оьрсийн маттахь къамел деш 10 дешархо ву».

Бухахь болу хьехархой вахь а таIош, тIебаьхкинарш ирах а бохуьйтуш хIума дац боху Бена-Веданарчу ишколан директора Моллаев Салавдис. Дустаме даьккхича, нохчийн меттан хьехархошна, кхечарначулла 25 процент алсам алап ду луш,аьлла тидам бира цуо.

Моллаев Салавди: «Алапа-м тIебаьхкинчарна а , бухахь болчарна а цхьа терра ду. Вуьшта, дахаран хьелаш а тидамехь латтош ду. ТIевеанчу хьехархочуьнна цкъа луш ду 22 эзар сом. Кхин хIумма а дац къаьсташ. Нохчийн маттана а , оьсрийн маттана а, кIирнахь луш ду пхиппа сахьт. Нохчийн мотт хьохучарна, кхечу хьехархошначулла 25 процент алсам ду алапа».

Цхьана хенахь, Соьлжа-гIала кхаьчча, цхьана Оьрсийчоьнана юккъерачу гIала волуш санна хеталора, нохчийн маттахь олуш цхьа дош а доцуш. ХIинца иза хийцаделла. Амма, оцу хийцаман шен бIостаналла а гучъяллла. Оьрсийн мотт ца хаар, иза бохург дац, нохчийн мотт дика хаа. Мелхо а, тахана массанхьа буьйцуш берг, цхьа ийбина, нохчийн а, оьрсийн метнех цхьанатоьхна мотт бу.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG