ТIекхочийла долу линкаш

Москохара школа закъалтана лаьцна хиллачу Гордеевна синIаткъаман экспертиза йийр ю


Москохарчу школехь герз диттинчу лакхарчу классийн дешархочунна Гордеев Сергейн синIаткъаман экспертиза яр тIедиллина. И аьлла дIахьедар дина, Оьрсийчоьнан талламан Комитетан векало Маркин Владимира. Цо билгалдаьккхира, лаьцна волчу дешархочуьнга хаттарш деш талламхой хилар.

Москох кIоштарчу Отрадноехь карахь герз долуш школе ваханчу дешархочуьнан Гордеев Сергейн карах велла ши стаг – географин хьехархо Кириллов Андрей а, полисхо Бушуев Сергей а.

Цо закъалтана лаьцна хиллачу дешархошна хIумма а ца хилла.
Гордеевгахь хилла ший а топ иччархочо лелош ю, цуьнан ден цIарах дIаязъйина а хилла.
XS
SM
MD
LG