ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Политковская Анна ер толлуш, кхоалгIа кхел дIахьош ю Москох


Москох-гIалин кхелехь оршот дийнахь гайтира, Новая газетин журналист Политковская Анна ехаш хиллачу хIусамера видеокамеро дIаяздинарг. Цу тIехь вара журналист йийна лоруш волу стаг. Амма цуьнан юьхь-сибат гуш дац. Дiаязъйинчу видеоно гойту, журналист йеле а, и стаг цу хIусамна чу вахана хиллий.

Кхелехь барт хаьттира, полици кхайкхина хиллачу тешашка-лулахошка. И гIуллакх хIинца кхоалгIа хоттуш ду.

Талламан хьесапехь журналист йийнарг нохчо ву Махмудов Рустам. Ша верриг кхеле озизйнарг пхи стаг ву: Гайтукаев Лом-Iела – иза оцу зуламан да лору талламо, цуьнан йишин кхо кIант – Жабраил, ИбрехIим, Рустам а, милцо хилла волу Хаджикурбанов Сергей а. Цара цхьаммо а шаьш бехке хилар тIе ца лоцу.

Коьртачу декъана, Нохчийчура тIамах бакъдерг дуьйцуш а яздеш а хилла йолу журналист Политковская Анна 2006-чу шарахь Гiадужу-беттан 7-чу дийнахь йийна, шен цIайоьдуш, лифт чу йолучу хенахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG