ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мел са ер ю толамхошна Сочерчу олимпиадах?


Оьрсийчоь -- Соче а кхаьчна, олимпиада йолаяларе сатуьйсуш бу Австрера спортхой, Сочина гергахь, 4Чил2014
Оьрсийчоь -- Соче а кхаьчна, олимпиада йолаяларе сатуьйсуш бу Австрера спортхой, Сочина гергахь, 4Чил2014

Профессионалан спортехь лелачу даккхий ахчанех толамхошна кхочу дакъа кеп-кепара ду мехкашкахь. Шо шаре мел долу хийцалуш бу Олимпан ловзаршкахь тоьллачу спортхошна лучу ахчан совгIатийн барамаш а. Муьлхачу махко мел ахча дала къастийна Сочера децIа мидалш яхьаш баьхкинчарна?




Хьалха леллачу ахчанашка хьажча, кху олимпиадехь толамаш баьхначу спортхошна дала кечдина совгIаташ мелла а деза ду. Дагардер вай уьш лахара хьала. Канадерчу Iедало мидалш яхьаш цIабаьхкинчу олимпхошна лур ду 10-10 эзар доллар. Штаташкахь толамхочунна дала сацам бина 25 эзар, Эрмалойчохь – 30 эзар, Финляндехь -41 эзар.

Ахчанца совгIат данне а ца до, масала, Ингалсено олимпиадехь тоьллачу шайн спортхошна. Амма ала деза, эшамехь а ца буьсу уьш, толам – иза уггаре хьалха спортхо рекламин дукътIе воккху зовкх ду, цигахь гулдо гоьваьллачу спортхочо шен миллионаш.

Кхин а цхьа цец-тидам бойла ду тоьллачу олимпхочунна ахчанаш даларан гIиллакхехь. Пачхьалкх демократина гена мел ю алсам ду цо олиапиадерчу толамах ден дозалла. Дустур вай терахьашший, мехкашкара маршонашший. Оьрсийчоь шен хIора толамхочунна дала дагахь ю 113 эзар доллар, Украина – 130 эзар, Беларус – 150 эзар, Казахстан – 250 эзар. Амма массарна тIе а палс тухуш ду Азербайджано шен толамхочунна лун долу ахча – 510 эзар доллар.

Оьрсийчоьхь Кремло къастийна барамаш боцуш, хIора махко а кхайкхийна шайн спортхошкара дала тарлучу хьуьнаран мах. ГIезалойчоьно толамца цIавеъначунна ша лур ду аьлла кхайкхийна 4-4 миллион сом. Челябинско – 3 миллион сом. Уггаре дукха соьмаш мидал яхьаш веъначу шайн спортхочунна дала дагахь бу Хантийн-Мансийн мохк – 7 миллион сом.

Бахархойн социалан хьелашца я демократица гIеметтахIоьттина пачхьалкх ю олийла а доцчу Азербайджано шен олимпан толамхочунна ах миллион доллар лучохь, капитализм а, лаахь, социализм а, ший а цхьаьна шайн лаьтта тIехь тоьлла ехачу Норвегино а, Швецино а Iуьрг даьлла кепек а шайн толамхошна луш дацаро цецвоккху, ойла йойту.

Гарехь, маршо йоцчу пачхьалкхийн шен халкъаца ца лелийча ца йолу моттаргIанаш ю олимпан ловзаршка ехкина а. Таронаш мел яккхий елахь а, Норвегино, Швецино я Ингалсено, сагIийна санна, цкъа луш хуьлучу ахчанца кура ца боху шайн спортхой – цара дерриг а дахарехь дегайовхонан аганахь ловзабо, техкабо шайна сий кхачош болу махкахой.
XS
SM
MD
LG