ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Норвегера спортхочунна чов хиллачул тIаьхьа, Сочехь Олимпан Ловзарш дIахьош берш реза хилла лайн у хохку некъ тобан


Сочера, Красная полянера лайн у хохкучу новкъахь оршот дийнахь динбухк кагъйина, дарбан цIийне кхачийначу Норвегера тоьллачех волчу лайн у хахкархочо Хоргмо Торстейнан дIахьедар динчул тIаьхьа, Сочехь Олимпан Ловзарш дIахьош берш реза хилла, лайн у хохку некъ тобан. Норвегин спортхойн тобанан лоьро Моэн Эллена лайн у хахкархочуьн чов кхераме яц, амма Олимпан ловзаршна юкъара вала деза цуьнан, аьлла.

Роза Хуторера и некъ спортхошна кхераме бу, спортхошна чевнаш ян тарло бохуш, критикаш дIахьедарш деш лаьтташехь хилла ду и хIума.

Сочера Олимпан ловзарш схьаделларан церемони, хIокху тIедогIучу пIераскан дийнахь йолалур ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG