ТIекхочийла долу линкаш

Дуьненаюкъара Могшаллин Организацино варе дина, вуон цамгар «кхерамечу барамехь яьржаш ю» аьлла


Дуьненаюкъара Могшаллин Организацино варе дина, тайп-тайпана пачхьалкхашкахь каьнсер олу, вуон цамгар «кхерамечу барамехь яьржаш ю» аьлла. Организацин дIахьедаро бахарехь. Iедалша шуьйра вакцинаци а, каьнсерх ларлуш гIулчаш а яха еза, цамгарна деккъа цхьа дарба лелорх гIуллакх хир дац, аьлла.

Дуьненаюкъара Могшаллин Организацин терахьаша гойту, 2012-чу шарахь и цамгар гучуяьлла 14 миллион стаг хьесапе эцна хилар. Цу организацино билгалдоккху, уггар сиха каьнсер яьржаш йолу пачхьалкхаш Африкехь. Азехь, Юккъера а, Къилба Iамеркехь а хилар.
Вуон цамгар ца кхетийта эвсара гIуллакх, тонка ца озар а, эрна дилха тIе ца далийтар а лору Дуьненаюкъара Могшаллин Организацино.
XS
SM
MD
LG