ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

БухIан юьртара къизаллаш 14 шо даьлча а йиц ца елла


Ганаева Маликин цIийнда а, шиъ кIант а вийна БухIан-юрта баьхкина хиллачу оьрсийн ОМОНхоша. 5Чил2014
Ганаева Маликин цIийнда а, шиъ кIант а вийна БухIан-юрта баьхкина хиллачу оьрсийн ОМОНхоша. 5Чил2014

14 шо кхаьчна, Соьлжа-гIалана йистехь йолчу Бухьан-юьртахь, маьрша нах а бойуш, оьрсийн милцоша къизалш гайтина. Иттанашкахь нах байинчу оцу кIоршамечу зуламан, бехке берш билгал бохуш талламаш ца бина Iедалша. Байинчу нехан гергара нехан дагахь даккхий муонаш дитина цу дийнахь хиллачуо.

14 шо кхаьчна, Соьлжа-гIалана йистехь йолчу Бухьан-юьртахь, маьрша нах а бойуш, оьсрийн милцоша къизалш гайтина. Иттанашкахь нах байинчу оцу кIоршмечу зуламан, бехке берш билгал богIуш талламаш бина бац Iедалша. Байинчу нехан гергар болчарна хIинца а дагалемашкахь ду и де.

Бухьан –юьртахь нийса 14 шо хьалха хилларг, майра дIаяздан мегар долуш ду, къизаллийца адамална доьхьала динчу зуламашна. Соьлжа-гIалана йистехь Iуьллучу оьвлахь, 2000 шарахь, маьрша бахархой, баккхий а кегий а, божарий а, зударий а къестамаш а ца беш, байинера чу баьхкинчу омонхоша. Ша верг, оцу шина дийнахь цигахь лаьттинчу оцу къемат дийнахь, вийна ву, оцу юьртара 56 стаг. И терахь цхьа бIене хьалакхочу боху бакъонашларъярхоша-цигахь кхечу яьрташкара нах а байина, церан декъий гергарчара дIадаьхьна хилла дIадохка.

Ганаева Малика Бухьан-юьртара яхархо ю. Оцу дийнахь чубаьхкинчу низамхоша цуьнан цIийнда а, ши кIант а вийна. 14 шо даьла и хIума хилла, амма, бIаьрхиш дакъ ца делла цуьнан.

Ганаева Малика: «Даккхий гайнаш а долуш, онда гIазакхий кетIа баьхкира, «мать, мичахь бу божарий», аьлла. Божарий чохь бац, уьш тхов туьллуш гIо дан бахьана ас элира. Уьш лулахойн чу а бахана арабовлуш, со ма ядло вахь йедира со. Со со а цецйолура, сиха ядъяларх.

ДIакхоччучу хенахь, догуш СатуевгIеран цIенош дара, царан лулахь веха, сан маар вешийн кIант кIетIа велира. «Кхузахь буй уьш?», аьлла хаьттира ас. Уьш дIабахана дикка хан ю элира цуо. ЦIа йодуш-гуо тосуш лийлира со. КхозлогIа гуо боккхуш, трансформатор йолчохь жогIан цхьа гуо бара, цу тIера вахьахьажа. Цу тIера сайн жимагI верг воьвзира суна.

Ас хьакхна болу мохь, луларчу 20 участок олучу юьртахь а хезира бохуш дийцира соьга. Хьалха жимчуьнна тоьхначух тера дара. Йистаху Iуьллуш вара иза. Воккханиг, къоьвлина де маарах валлаш вара, Iуьллучохь. Цаьрцани, шен стунвешина гIо дан вахана хилла волу ХакимовгIеран кIант а вара цигахь вийна Iуьллуш. Дийна барз бара гулбина».

Оцу оьвлахула, каравоггIург вуьш, шайна луург вуьтуш чекхабоьвла и акхаройн кепе бирзина, эскархой. Нахах кхин дог ца Iебаш, чуьр мел волу стаг а вийна, цхьаъ дийна а вуьтуш а хIума дина меттигаш а ю цара. Иштта, йитина хиал там бу цара Ганаева Малика а, цуьнга бала хьегийта.

Ганаева Малика: «Царах дог а диллина, махьарца со хьалнисъелча, ши салти хоьттира суна хьалхахь. Юха а хьаьжина, цхьа гIулч хьалха а яьлла, куьйгаш вахь а дахийтина, «Алхьамдуллила, Дела, хьуна хастам бу-кх, ахь динчуьнна реза ю-кх со», аьлла цу шинна хьалхахь дIахоьттира со. Шиммо а , тIехьежайора масса тоьпаш, тIе а ца тухуш.

Вовшах а хьаьжина и шиъ вовшех вистхилча, со дIаса а хьаьжина, хIун деш лаьтта со, сайга а аьлла, хIорш схьаэц, цIа бахь беза, аьлла, со едира. Цхьа салаз кара а еъна, жимах верг тIе а виллина, иза такхийна со йогIуш, Эльмурзаев Рамзан бохуш верг вара арахь. Иза цец а ваьлла, доьхьала волавелча, ас элира «Рамзан, дIавалахь, дIавалахь».

И бохуш лаьтташехь, аьтто агIора соьца и муш а лаьцна иза волалушшехь, цунна тоьхна иза а вий сан тIаккха. Хала а атта а, сайн кхоъ а, и Рамзан а, чу а такхийна, доьхьалахь болчеран керта уьш дIа а боьхкина, Зазадоккху беттан 23-чу дийнахь хьала а баьхна кешнашка дIабоьхкира».

Шена цхьанна а тайпа бахьан ца го боху Ганаева Маликас, иштта, нах байар. Иза хира ду аьлча а, ша тешар а яцара боху цуо. Амма, шен бIаьргашна гинарг а, лайнарг а, даг чохь боккха Iийжаме уьйриг а хилла, легашкахь шад а болуш, хIокху 14 шарахь ехаш ю иза.

Ганаева Малика: «Цхьа а бахьан дацара, оцу кепара къизалла а еш, цара нах байа. Цхьа а бахьан ца го суна. ХIокху оьвлахь, хIокхо хIара зулам дина, вукхо важа зулам дина аьлла, схьалаца дIагайта стаг вацара. Уьш-м битахь, Цимлянский урамера метишк а ма йийра цара. Шайна карвеънарг вуьйш вара цара».

Маьрша нах бойуш, царна тIехь къизалш лелийнарш Санкт-Петербургера Омонан милцой хилар къастийна талламо. И гIуллакх дижийта лууш, къона талламхо хилла къастийна, амма, цуо а ахка дуолийча билгаладаьлла куьйга бехке берш и милцой буйла.

Бабин фамили ерг а ву царна юккъахь. Амма, цул тIаьхьа цхьанна а тайпана, и таллам хIокху 14 шарахь дIабаьхьан бац боху оцу оьвлара вахархочо Хаджимурадов Руслана. Цуьнан да а вийна оцу милцоша. Цундела, шена барт баран къамелаш ца оьшу, шен бехке верг билгал а ваьккхина, цунна таIзар хилийта лаьа, элира цуо.

Хаджимурадов Руслан: «Чиллан беттан 5 дийнахь, гIуллакх листа долийна хиллачуьнна хьокъехь. Иза хIинца талламан комитетехь ду 12011 лоьмар а йолуш. Даг ма деънехь, дола а до цара иза, лиъча, саца а до. ХIокху 14 шарахь, цхьа а да жоьпе уозийна а вац. Официала бехк ца биллар а ца дехна тхоьгара. Иза дайдан деш ма дай, хIокху дуьненахь. Иза, кертанийн а, бусулбачеран а ду. Санкт-Петербургехь, шай цIе цIан йо бохуш, кхузара 39 ишколера берашцига дуьгуш, и пайда боцу хIумш лелош ду. Суна цIеран дика цIе а ца оьшу, суна оьшург, со кIинтъера ваккхар ду».

Европерачу кхеле а делла, Бухьан-юьртарчу цхьаболчу бахархоша шай гIуллакх. Цигахула мукъне а, нийсо меттахIотталура яцара теша бохуш сатийсам бу цаьргахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG