ТIекхочийла долу линкаш

Украинехь лаьтта дов дийца Украинан президентца цхьаьнакхетта Аьштон Кэтрин


Украинан Iедална а, оппозицина а юкъахь лаьтта дов дерзон некъаш бийца, кхаарин дийнахь Украинан президентца Янукович Викторца цхьаьнакхийтира Европан бертан арахьарчу политикан куьйгалхо Аьштон Кэтрин. Шинарин дийнахь цо делкъе йинера Украинин оппозицин лидершца.

Оцу юкъанна, Пачхьалкх политикан кризисера араяккха некъ лаха хьожуш ю Украинан Рада кхин цкъа а. Парламентан 4-гIа сесси йолаелла шинарин дийнахь. Президентан карара архаш хаъал дацдарна тIехь лаьтта оппозицин кхо фракци.
Оппозицин лидерх цхьаъ волчу Кличкос бахарехь, цу хийцмашна ах шо хан эша тарло.
XS
SM
MD
LG