ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацино Ватиканан тидаме бехкина, берашна эвхьаза тIекхийдина мозгIарш


Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацино Ватикане кхайкхам бина, берашна эвхьаза тIекхийдина мозгIарш сихонца килсанехь гIуллакх дечуьра дIабаха, аьлла.
Берийн бакъонийн Комитето кечдинчу рапорто шен ондда сингтаттам бовзуьйту, мозгIарша дечу цу тайпа зуламийн бакъболу барам, Ватиканна бевзаш ца хиларна.

Иштта, цу Комитето ша саготту ю боху, Ватикано шен репутаци, иттаннаш эзарнаш бераш мозгIарех лардарал а лакхара хетарна а.

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацина хетарехь, цу тайпа зуламаш Iедалшна дIахаийта деза Ватикано. Ша и рапорт толлур ду аьлла дIахьедар дина Ватикано шен агIора.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG