ТIекхочийла долу линкаш

Путинан хьесапехь, Сочехь Iаьнан Олимпан ловзарш тIеэца кийча ю Оьрсийчоь


Сочехь Iаьнан Олимпан ловзарш тIеэца кийча ю Оьрсийчоь аьлла дIахьедар дина оьрсийн президенто Путин Владимира. ПIераскан дийнахь леррина церемони дIаеллале хьалха, Путина кхайкхам бина Оьрсийчоьнан Олимпан тобано, «шун махкахой шух бIобулуш бу», аьлла.

Ванкуверехь дIабаьхьначу къийсамашкахь оьрсийн тобано кхо дашо мидал бен ца яккхарна дог доьхна бара, спортхойн фанаташ.

Путина тIетуьйхира, Олимпан ловзаршкара кхерамазалла, коьрта гIуллакх ду аьлла. Делахь а, дукхах болчу журналисташа латкъамаш бо, хьешийн хIусамашкахь ледара лаьттачу хьолана а, хIинца а гIишлош йина йовлаза хиларна а. Сочера Олимпан ловзаршна хIинцале дайъина долу ахча 50$ миллард доллар ду.
XS
SM
MD
LG