ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчура ВАЗ заводера дIабаьхна белхалой Нохчийчура машенийн заводе кхойкхуш бу


Нохчийчоь -- Кадыров Рамзан Устрада-эвлахь машенаш ен завод схьайоьллучу церемонехь, 26Деч2012

Нохчийчоь -- Кадыров Рамзан Устрада-эвлахь машенаш ен завод схьайоьллучу церемонехь, 26Деч2012

Оьрсийчохь белхан меттигаш ца хиларца къийсам латто дагахь ду Нохчийчуьра Iедалш. ХIокху шарахь ВАЗ заводера балхара дIабохуш болу нах, махка кхайкхина республикан куьйгалхочо. Дийцарехь, цара, нохчийн белхахошна тIехьожуш болх бийра бу. Амма, оцу гIуллакхан реза боцучарна, нохчашна санна дог а лозуш болх бийра бац цара аьлла хета.

Гарехь, хIокху гергарчу шерашкахь, Нохчийчоь, машенаш яран юкъ хила мегаш ю, Оьрсийчохь. И Iалашо ю меттигерачу Iедалехь. 5-6 шо хьалха дуьйна Аргун гIалахь кхоьллина болх бан йолаелла «Чеченавто» цIе йолу, ВАЗан машенаш вовшахтосу завод.

Юьхьанцара 7-гIа модел Жигули еш яра цигахь, хIинца, Кавказехь езаелла Лада «Приора» машенаш еш ю. ХIокху шарахь, гуьйрана Лада «Гранта» а йийра йолуш ю. Цул совнах, хIокху шарахь, цу заводан уллехь кхин цхьаъ дIахоттора ю. Черкесск гIалахь йолчу «Derways» завода арахоьцу машенаш вовшахтосура ю цигахь.

500 миллион доллар мах болчу оцу проектан цIе «Югавто» тиллина. Сел еза и проект шерра болх дIабахийта Оьрсийчоьнан кхечу регионашкара говзанчаш чубахко дагахь ду Iедалш. Иза шен хенахь хIума ду, хIокху шарахь, ВАЗ заводера, 14 эзар стаг ву балхара дIавоккхуш. Болчу хаамашца, царах тоьлларш хира бу боху керлачу заводе кхойкхучарна юккъахь.

Махкахь, иштта а, белхашца къела йолчу хенахь, оьшуш дарий теша, геннара белхахой чубахко, аьлла, Маршо радионо деллачу хаттарна жоп делира ша а, машенаш таяран инженер волчу Iайндис. Уьш бахка-м бахкийра бу, амма, цара, нохчаша санна болх-м бийра бац боху цуо.

Iаьйнди: «Уьш оьшуш бац кхузахь. Вайниш санна говзанчаш бац хьуна цигахь. Ас белхаш бина цаьрца Астраханехь а, кхечанахь а. шай цхьа агIо хууш хуьлу уьш, амма, вайниш санна, жимма хIума дан буьйлабелча, иза ца до-кх цара. Вай и болх беш хидча, ахь муха эра дара, иза масла, мегар яц аьлла. Цара иза ца олу. Шайгара хIума ца до гIазкхша».

Тахана «Чечечнавто» заводехь, юккъерачу барамехь алап 13 эзар сом ду. Оцу мехах, мел гIаддайна белхахо шен цIера а ваьлла ван реза хилахь тамаш бу. Цул совнах, царна чохь Iан меттиг а, яа хIума а латто еза. Бера буй теша царах ма хетта пайда хууш дац. Амма, нохчийн цхьа кхачамбацарах хIума ду боху Iаьйндис. Иза билгалдаьккхира цуо.

Iаьйнди: «Цара цхьацца хIума тIе а тухуш, хIума дахь, чIогIа дика машен хира ю. Пурба лахь, Оьрсийчоьнехула яьржо а йиша ю. Суна а лаьара и болх бан, йина йолу машен пачхьалкхехь дIавозийта а. Амма, нохчийн цхьа хIума ду. Вайчара цуьнах цхьа бизнес йо. Схьаелла болу дика гIирс дIа а бухкий, кооперативо бинарг тIехIоттабо. ТIаккха а говзанчаша гIоле бу вай».

Шайх-Ахьмад цIе йолчу Хьалха-мартан кIоштера вахархочуьнна аьттехь оьшуш яра аьлла ца хета Нохчийчохь ВАЗ завод. Иштта а, дерриге а дуьне доьлуш йолу и машенаш, цхьана гIуданна санна тIейожийна нохчашна, элира цуо. Цкъа а нохчаша лелийна доцург йоьхьар а ца лоцуш, кхин белхаш бича гIоле дара, аьлла тидам бира цуо.

Шайх-Ахьмад: «Цара вайна хIун пайда бийра бу? ХIун ю ца хуу бичеш вай тIелаьцча, вай цIахь а ма бу и санна нах. Вайна хIунда оьшуш ю ВАЗ? Цуьнах мел даккхулуш дерг схьа а даьккхина горгам санна ма ю и завод.

ДIа аракхосса мегар болу гIирс вайна схьабелла. Колхоз йинехьарий гIоле ма дара вайна. Беш дIайича гIоле ма дара, латта а, даьхний лелийча гIоле дара».

Инзаре даккхий ахчанаш а дахьаш тахана-кхана инвесторш чубахка кечбелла бу бахахь а, тахана, хIара ву аьлла, кхечу пачхьалкхера цхьа бизнесхо вац Нохчийчу ахча дуьллуш. Иха, хIунда деш дац а , ца хаьа- я ца хIутту, я пайда хира бац аьлла хета. Дукха хан йоцуш туркойн гIишлошъярхошна ахча дIа а ца луш, Нохчийчуьра уьш дIабахана болчу, царах масала хила а мега.
XS
SM
MD
LG