ТIекхочийла долу линкаш

Австрерчу Олимпан тобанарчу спортхошна кхерамаш тийсина, Сочехь уьш бовдор болуш бу, аьлла


Оьрсийчоь -- Сочера lаьнан Олимпан ловзарш, 6Деч2014.

Оьрсийчоь -- Сочера lаьнан Олимпан ловзарш, 6Деч2014.

Сочера Олимпан ловзарш дIадоладала ши де дисинчу хенахь, ловзаршкахь кхерамазалла ларъйарх долу дийцарш жигара девлира. Австрерачу Олимпан тобанарчу спортхошна, масала, кхерамаш тийсина, Сочехь уьш бовдор бу аьлла. Цу хиламо кхин цкъа а караладаьккхина иштта а дуккхаъчу нехан шеконаш кхуллуш долу хаттар – тешаме дуй-те спортхошна а, хьешашна а Соче бахар?

Ши австрихойн цIеяххана йолу спортхо, лаьмнийн ког-салазаш хахкархо Шилд Марлисий, Флок Жаниний ю шайн агIор цабевзачара кхерамаш тийсинарг. Австрин къоман олимпикан комитетан электронан пошти тIе даийтиначу кехатех яздина ма-хиллара, и ши йоI Сочехь Олимпиада йолчу деношкахь ядор йолуш ю цабевзачара. Юккъера и шиъ хIунда ю лачкъош а, я и шиъ ца лачкъайайта шаьшна хIун оьшу а – цхьа а и тайпа деталаш цу кхерамаш туьйсучу йозанашкахь билгаляьхина ца хилла.

Меттигерачу Iедалхоша кхерамазалла лакхаяккхарца тIеэцна и хаамаш. Полицино бехкталламан гIуллакх схьадиллина, ткъа шаьшшиъ ши спортхо вуно чIогIа ларйеш ю. Царна ха дан хIинцале а юххеваьккхина масех кхерамазаллин структурийн белхахо ву. Ткъа нагахь санна и шиъ, я муьлха а кхин австрихойн олимпикан тобанера спортхо Сочерчу олимпикан юьртара аравала лууш хилахь, царна уллохь хаддаза шишша меттигерачу леринчу „Кобра“ олучу нуьцкъаллин структурера белхахо хир ву.

Жимма хьалхехьуо и тайпа кхерамаш шайн чохь болу электронан кехаташ Германерчу а, Италерчу а, Словенерчу а, Венгрерачу а олимпикан комитеташка кхаьчна хиллера. Цу кехаташкахь кхайкхамаш бара беш олимпикан спортхошка а, къоман делегацешка а Соче ца боьлхуш, цIахь Iе, аьлла. Нагахь санна цара и кхайкхам кхочуш ца бахь, царна дуьхьал терроран тIелатарш а, киднеппинг я кхин долу зуламаш дийр ду, бохуш.

Ала догIу, Сочехь а, цунна гуонахьарчу меттигашкахь а кху тIаьхьарчу масех баттахь Оьрсийчоьнан Iедало масала доцу кхерамазаллин гIулчаш кхочушйинехь а, амма Олимпиада схьаеллар герга мел кхочу а, цигахь цхьа зулам я терроран тIелатарш хиларх болу кхерамаш алсам бовлуш бу. Кху деношкахь Цхьанатоьхначу Штаташкарчу хаамийн гIирсаша коста даржийра, Оьрсийчоьнан кхерамазаллин белхахой Сочехь масех зуда-Iожалхо лохуш ю, цигахь терроран тIелатарш дан яхана йолу, бохуш. Цу хаамашца, кхо-йиъ Iожалхо хила там бу цигахь.

Амма буй-те боккъал а Сочерчу Олимпийн ловзаршна кхерам? Нагахь санна белахь, хьаьнгара я мичара хила там бу иза? Оьрсийчурчу Олимпикан ловзаршна кечам бар шен тидамехь латтош волчу политологна Асхабов Хьамзатна хетарехь, цу гIалахь ловзарш дIахьочу муьрехь хIара ду аьлла терроран тIелатарш хир ду боху кхерам бух боцуш бу. И тIелатарш дан луурш алсам белахь а, амма уьш дIабахьа ницкъ тоьун берш нислахь тамаша бу, Кремло шен мел йолу финансийн а, кхерамазалла Iалашйаран а ресурс а цу регионе хьажийначу хьелашкахь.

Асхабов Хьамзат: „Оьрсийчоьнан ницкъ кхочур бу аьлла хета суна, цигахь кхерамазалла ларйан. ХIинцалца кхача а кхаьчна церан цу махкахь шайна луург дан, бIешерашкахь хьалха дуьйна а. ХIинцалера Iедал, Путина а, цуьнан накъостий а, и Олимпиада зулам ца хуьлуш дIайерзаре сатессина бу. Вуно дукха онда харжаш а, ницкъаш а бу цара цу хьаштана арабаьккхина. Цундела цигахь цхьа хаъалла зе дан а, зулам дан цигахь ницкъ бу аьлла ца хета суна. Иштта Имарат Кавказ бохучу гIаттамхойн а цигахь цхьа хIара ду аьлла зулам дан ницкъ тоьур бу аьлла суна ца хета“.

ХIетте Малхбузера къайлаха сервисаш Сочехь спортхошна а, хьешашна а болу кхерам боккха лоруш ю. Белгехь вехачу политологна Асхабов Хьамзатна хетарехь, цу хIуман политикан бахьанаш ду.

Асхабов Хьамзат: „Цу гондахьа политика ян гIерташ Iамеркерачу конгрессан декъашхоша цхьацца дIахьедарш а дина, дуьнентIехь кхечанхьа а и тайпа къамелаш деш а ду. Политикан агIора цигахь болчу кхерамах, - иза боккъал белахь а, бацахь а, - тайп-тайпанчу ницкъаша шайна эца йиш йолу пайда а эцна, дIадоьрзур ду аьлла хета суна иза“.

Цу юкъана Вашингтонехь кхоьллина лерина план ю, нагахь санна Сочехь кхераме хьал хIуттуш хилахь, шайн спортхой а, делегацин декъашхой а, сихонца эвакуаци а йина, кIелхьара бахархьама.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG