ТIекхочийла долу линкаш

«Малхбален накъосталла» олучу кхиаран программин проект кечъйина йийцаре ян Европан Бертан 13 пачхьалкхо


«Малхбален накъосталлин» 20 тезис Вильнюсал тIаьхьа» ю цу документан цIе. (Европан бертан а, «Малхбалерчу накъосталлин» а саммит даханчу шеран Лахьан-баттахь хилира Вильнюс-гIалахь.)

Европан Бертан аасоциацин бертан кIел куьг таIор доцур доцург, цуьнан декъашхошка «Европан пакет» а йийцаре кхойкху. ДIасалеларан маьршонах а, визанех а, студенташ тIеэцарехь а, шина агIонан программех а, Европан бертан юкъараллин программашкахь лоцу дакъа шордарх а лаьцна дуьйцу Европан пакето.

Документа тIехь леррина хьахийна ду, Европан Бертаца ассоциацин барт бан Киев дуьхьала яьллачул тIаьхьа, хIинца а дов лаьттачу Украинера хьолана леррина тIехьажа дезаш хилар. Маршо радион корреспонденте лакхарчу дипломато ма-дийццара, митингехь гулбелла хилларш дIасалахкарна бехке болу Украинера стоьлан дайшна духьала санкцеш яхарца доьзна хаттар, цкъачунна дийцаре даьккхина дац.)

Британино а, Германино а къобалдина долу документ тIедогIучу оршот дийнахь Брюсселехь дийцаре дийр ду, баттахь цкъа кхеташо дIахьучу, Европан Бертан арахьарчу гIуллакхийн министрша.
«Малхбален накъосталлехь» дакъа лоцуш ю Азербайджан, Эрмалойчоь, Беларуси, Гуьржийчоь, Украина, Молдова а.
XS
SM
MD
LG