ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нуланд Викторин а, Пайетт Джефан а телефонехула дина къамел гIарадаьккхинарг Оьрсийчоь хета Iамеркана


КIайчу ЦIийнан зорбан-секретаро Карни Джейна дIахьедар дина, Iамеркан пачхьалкхан секретаран Нуланд Викторин а, Украинерчу Iамеркан векалан Пайетт Джефан а телефонехула динчу къамеле ладогIарца гIуллакх долуш Оьрсийчоь хета шена, аьлла.

Йозанца гIазакхийн гочдар а долуш, интернете даьккхинчу, Нуландан а, Пайеттан а тера долчу аьзнашца дечу къамелехь дуьйцург Украинера хьал ду. Цхьана меттехь, Нуланда оьзда доцу дош олу, Европан Барто Украинера дов дерзош лелочуьн мах хадош. Карнис тIетуьйхира, «къамел дуьххьара гучудаьккхинарг а, интернетехь твиттерехула даржийнарг а оьрсийн Iедал хиларе терра, Оьрсийчоьнан лар ю гуш», аьлла. Нуланд Европан накъосташца болх беш а ю, Iамеркан а, европан а юкъаметтигаш, цкъа ца хиллачу кепара дика а ю, аьлла дерзийра Карнис.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG