ТIекхочийла долу линкаш

Кема дадо гIоьртина стаг Iехийна туркойн пилото


Туркойчоьнан зорбанан гIирсаш дийцарехь, Истанбуле доьдуш долу кема дадо гIоьртина хилла Украинера вахархо. Пилоnbqy кабинан чувала гIерташ хилла иза кема Сочи дIадерзаде бохуш. Туркойчоьнан Iедалан векалш чIагIдарехь, пилотан аьтто баьлла и стаг Iехо.

ПIеракскан сарахь хаамаш баьржира, Харьковера гIаьттина долу тIехь 109 некъахо волу кема Истанбулехь охьахаийна туркойн Ф-I6 олучу тIеман кемано аьлла.

Амма Истанбулан мэро Мутлу Авни Гусейна дийцарехь, пилото Iехийна хилла 45 шо долу Хозлов Артём кема охьахууш йолу гIала Истанбул яц Сочи ю аьлла. Хозлов малар мелла хилла. Иза лаьцна полицино. Кеман тIехь бомба ца карийна.
XS
SM
MD
LG