ТIекхочийла долу линкаш

Граната иккхина кхо стаг вийна Нохчийчохь


Кхо стаг вийна, кхин цхьаъ еза чевнаш йина ву Нохчийчохь ТIехьа-Мартан кIоштахь, граната а иккхина. Иза хилла Олхазар-кIотарахь ПIераскан буса.

Талламхоша бинчу хаамца, дов даьллачу веа стагах цхьаммо, оьгIаз а вахана, граната яьккхина хилла. Эккхачу хьоле цо иза йоккхуш граната иккхина. И нах чохь хилла меттиг йохийна ю.

Хууш дац хIун аьлла лелош хилла цу стага шен дегIаца и герз.
XS
SM
MD
LG