ТIекхочийла долу линкаш

Дукха нах бац амнистино мукъабохуш



Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думано конституцин 20 шо кхачар даздеш кхайкхийначу амнистица а догIуш, Нохчийчуьрчу Чернокозово-набахтера мукъаваьккхина 42 стаг, хаам бина махкарчу таIзарш кхочушдаран урхалло. Царалахь бу даккхий зуламаш дина хилла боцу заьIапхой, къолахой, иштта зударий а.

Хьакхалуш яц амнисти политика бахьанехь чубоьхкинчу нахах. Ткъа Нохчийчуьрчу набахтешкахь вуьсуш ву кхин а 1, 5 эзар гергга стаг. Йийр яц амнисти тIом бахьанехь Сибрехарчу а, кхечу шийлачу мехкашкарчу а набахтешкахь эзарнашкахь кхобучу нохчашна а.

XS
SM
MD
LG