ТIекхочийла долу линкаш

Делла бер дIалачкъийнера нанас...


Вайнах арабохуш, 1944-чу шеран Чиллан-беттан 23-гIа де, суртдаккхархо вевзаш вац

Вайнах арабохуш, 1944-чу шеран Чиллан-беттан 23-гIа де, суртдаккхархо вевзаш вац

Вайнах махках а баьхна, Азе хьажор а, цигахь царех дакъа хIаллакьхилар а цхьана шерашкахь дийца торуш дара. Ткъа тахана и йихкина тема ю Москох хьовха, нохчийн шайн децахь а. Мехкан администратора Кадыров Рамзана и де билгалдаккхар дехкар а, нах махкахбаьхначу кху Чиллан-беттан 23-чу дийнахь Iедало къоман бохам тергоне оьцуш а ца хилар а Iеткъа Маршо Радиоца зIене буьйлучу нохчашна.




Зударша а, божарша а, бен-башха а доцуш, Советан Iедало шайгахь яллийна къизалла бIаьрхиш а Iенош юьйцу.

Кегийчарна бакъ ца моттал, туьйранех тера а хеталуш, кхетамо тIе ца лаццал, сабIарздеш къизаллаш ю дохадаран хьокъехь ялхораш.

Теркйистерчу НогIамирзин-Юьртарчу яхархочо Мурадова Iайшатан, масала, диъ гергара адам белла Казахстанехь.

Мурадова: "Цигахь кхелхина тхан Адам а, Муса а, Айнаъ а. Денана а цигахь дIаяьлла. ЧIогIа дукха белла миллий, мацаллий. Да-нана балхахь хиларна кхин ца велира тхох, амма нахалахь Iаламат дукха хилира баларш. Новкъахь леш, охьа а бехкина дукха. Вагон чохь ма дара бежний санна дIадуьгуш. Цхьана зудчун, суна дага а догIуш, велла кIант хиллера чамди чохь дIахьуш. Гучу а ваьлла, схьаваьккхира ненера".

Нохчийн къам дохийна 70 шо кхочуш делахь а, тахана цхьа а доьзал карор бац Юккъерчу Азехь дIабоьхкина бисина юххера гергарнаш боцуш. Дуккха а вайнахана халонга долуш хIума дара, Гитлеран эскарша гобар бахьанехь, миллий, мацаллий Петарбухехь, хIетахьлерчу Ленинградехь, хIоккул бахархой белла бохуш, Оьрсийчохь цхьана муьрехь дIаяьхьна дагалацаман кампани.

Халонга долура, Советан Iедало дийнна къам махках даьккхина, эзарнаш бехк боцу синош даьхна изза 70 шо кхочуш делахь а, цхьана а Iедалдас я хаамийн хьостано и лазаме бакъдерг хьахош цахилар. Делахь а нехан кхетамехь дисина и акхачу къизаллин шераш, Петарбухехь санна, арара чувеъна мостагI а воцуш, чуьрчу мостагIчо, къам дохадар.

КхидIа тоьшалла до Теркйистерчу дезткъа шо долчу къаночо Гизуев Хьусайна.

Гузуев: "Дера белира шелонна а, мацалла а дукха ма белира. Хьалхарчу шерашкахь дара-кх иза, 1950 шераш тIекховччалц-м дара хьала а, охьа а. ДIабохка йиш йоцуш а латтабора белларш. Масала, дарцаш хьийзадора дийнна кIиранах а. Уьш совццалц собардан дезаш а хуьлура. Сан чуьрчех цхьаъ бен ца велира. Да кхелхира сан. Тхо мелла а ехаш йолчу колхозе кхаьчнера. Амма кхечеран дийнна доьзалш леш, белира, дера белира".

Маршо Радио: Нохчий бохош хьан итт шо хилча, цIерпошт тIехь хилларг хьуна дагадан декхар ма ду?

Гузуев: "Ма-дарра дагадогIу. ХIора социйлехь ткъех дакъа охьадоккхура цIерпошт тIера хьала а, охьа а. Лаьтта охьадохкура. ДIа ца духкуьйтура. Хуучара дийцарехь, и декъий нацкъар а дохий, дуьтуш хилла, буса акхароша дууш хилла. Сила-а долу декъий дIадохка цхьа а кхуьур а ма вац».

Маршо Радио: Цу хенахь хуьлуш долчух хьо кхетарий? Баккхийчара хIун олура шуьга, кегийчаьрга?

Гузуев: "Соьга муха кхеталора аьлча, дохочу Iуьйранна тхо ишколера цIа дахкийтира, кхана бен доьшур дац аьлла. Ткъа кхана тIедогIуш ло а долуш, мача кога ца юхуьйтуш со а, кхиберш а цхьанхьа дIагулбира».

Маршо радио: Шух хIора а 3-4-гIа нохчо велла Сибрех. Масала, тIом болуш Петарбухехь белларш кхайкхош цхьа мур баьхьи Оьрсийчохь. Уьш бийцар, ткъа шуна хилла эшам хьаха цабар ахь муха туьду?

Гузуев: «Изий? Ас и дера туьду, хьалха ахь кхидолу къаьмнаш сийсаздича, къаьмнаш аьшнаш дар, цимтийсар ду, олий, хан тохара. И ду-кх хIара а. Къаьмнашна юкъа цимтийсар, цхьаберш айбар, беза бийцар, вуьйш тергамза битар».

Официало далочу терахьаша чIагIдарца, 1945-1950 шерашкахь 105 эзар нохчо дIакхелхина Сибрех. 1944 шарахь а, новкъахь а белларш хьесапе эцча, и гайтам хаъал лакхара хила беза. Iедалан лаам хилча, боху цхьаболучара, эшахь къоме кхайкхам бина а, хаа тарлуш дара цигахь белларш мел бу.

Масала, цIерпошт тIехь нохчий дIабуьгуш, некъаца велларг 1272 ву бохург шеконе ду. Стенна аьлча, бахархоша ечу къароца, хIора социйлехь эшелонаш тIера 20-30 дакъа охьадоккхуш хилла. ЦIерпошт шозза бен сецна ца хилча а хуьлу мел лаххара а 40 стаг. Ткъа Сибрех хьажийнарг ерриге а 180 эшелон ю, официало чIагIдарца. Кхузара деккъа тIехула хьесап даро а гойту новкъахь белларш 2-3 эзар хилла ца Iойла.
XS
SM
MD
LG