ТIекхочийла долу линкаш

Тенге-валюта доьжна



Казахстанан Юкъарчу банко мехкан валюта, тенге, 19 процентна дайдина, дуьненаюкъара ахчан мах хийцалуш латтарца доьзна. Банко ша динчу дIахьедарехь боху, тенген доза латтор ша дитина, амма махкахь иза дай ца долуьйту гIулчаш йохур ю ша. Ахча хуьйцу меттигаш масанхьа а къевлина яра Казахстанехь шинарий дийнахь. Ткъа ша долларан мах бу хIинца хьалхарчу дийнахьчул 30 тенге хьалабаьлла.

Банко бечу хьехамашкахь боху, Iамеркан Штатийн резерван системан программаш галйовлар бахьана долуш кхиаза йолчу пачхьалкхашкара араюьйлу капиталаш, оцу хьоло Iаткъамбо церан валюташна.
XS
SM
MD
LG