ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIинца «Коммерсант» а кхеле ийзадо Кадыровс



Нийсса бутт баьлча Москох Твер-кIоштан кхело луьстур ду Нохчийн администратора Кадыров Рамзана «Коммерсант» газетна дуьхьал айдина дов. Цигахь адвокат Красненков Андрей лерина ву хьалха кхечу кхелехь Кадыровс мемориалхо Орлов Олег жоьпе озарах дуьйцуш араяьккхина хилла артикл харц ян.

Хууш ма-хиллара, хIетахь бакъоларъярхо Эстемирова Наташа ерна бехке Кадыровс махкахь хIоттийна луьра хьал ду алар луьстуш, Орлов бакъвира кхело. Амма ца тайна Кадыровна цул тIаьхьа и кхел юьйцуш «Коммерсанто» яздинарг. Цо доьху кхеле газетана 1 миллион сом гIуда тохар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG