ТIекхочийла долу линкаш

Олимпиада ларъеш, нохчий лоьцу Европехь


Австри - "Кобра", полицин леррина ницкъаш, Вена, 2014

Австри - "Кобра", полицин леррина ницкъаш, Вена, 2014

Оьрсийчохь дIахьочу олимпиадах бала хилла нохчашна, шайн цIахь хьонке ца бахийтарна тIера Европехь лецарна тIекхаччалц. Австрехь, Францехь, масала, лаьцна иттех стаг, уьш Сочи терроран тIелатар дан кечбелла аьлла Кремлан векалша дIасахьийсийначу орцан хаамашца.




"Цицкана - ловзар, дехкана - балар" бохучу нохчийн кицанахь санна, генарчу Сочи -гIалахь Оьрсийчоьнан куьйгаллина Олимпан ловзарш хиллехь а, Европехь бехачу нохчашна кхерам а, бала а хилла. Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша динчу аьрзнашна тIе а тевжина, Австрерчу Iедалхойн леринчу тобанаша, шайна юккъехь террорна дуьхьало ен полицин дакъа а, „Кобра“ цIе йолу лерина тоба а йолуш, цу махкахь бехачу нохчийн мухIажирийн хIусамашна чулилхина кху деношкахь.

Герзашца а, жIаьлешца а и нохчийн бехачу хIусамийн неIарш а йохош, сахуьлучу хенахь чухьаьлхинчу полисхоша, Сочерчу Олимпан ловзаршна дуьхьал терроран тIелатарш дан кечлуш бу бохучу шеконашца 5 жимстаг а, цхьа зуда а лаьцна.

Цара и даран бахьана Оьрсийчуьрчу ФСБ-но яханчу гуьйранна австрихойн Конституци ларъяран хьукмате бина хилла хаамаш бара. ХIетахь оьрсийн къайлахчу сервисхоша яздинера шайн Австрерчу коллегашка, цу махкахь бехаш болу цхьамогIа нохчий Сочерчу ловзаршна дуьхьало ярхьама, цу гIалахь я цунна гонах лелхийтарш дан кечлуш бу, аьлла.

Цара дийцарехь, Имарат Кавказан гIаттамхойн баьччин Умаров Доккин омрица, Венехь вехаш волу цхьа нохчийн жимстаг, цуьнан цIе Ислам ю, Оьрсийчоьнан карарчу муьрехь уггаре а мехала долу спортан ловзаршна новкъарло ян кечлуш хилла. Цу Iалашонца, къайлахчу сервисхоша дийцарехь, цо тоба вовшахтоьхна а хилла.

ХIетахь дуьйна цу оьрсийн къайлахчу сервисаша цIераш яьхначу нахана тIехь терго еш хилла австрихойн Iедал, масала, цара ладугIуш хилла цара телефонашкахула дечу кхамелашка. Иштта уьш лелачу некъашкахула царна тIехь хIиттийна белхахой а болуш, церан вахар-вар а тергал деш хилла, сарташ дохуш хилла церан а, уьш цхьанабетталучу нехан а. Масех кIиранах и болх бинчул тIаьхьа Австрин Iедалхой ялх нохчо, шайна юккъехь цхьа зуда а йолуш, бехачу хIусамашна чулилхина, уьш дIа а лоцуш.

И хилам шен тергонехь латтош ву Венерчу нохчийн диаспоран векал Исханов Хьусейн.

Исханов: „ЖIаьлешца чу а лилхина, тIе герзаш а хьежош, чуьра бераш а, доьзалш а кхерош, инзаре схьалийцина хилла уьш, къизаллица, мацах вайна тIехь оьрсаша лелийна хилларг санна йолчу. Оьрсийн ФСБ-но, и Сочера ловзарш лардо шаьш бохуш, массо а маьIIе, Франце а, Германе а, Австре а шайн мацах цкъа цхьана хенахь тIом бина аьлла хезна я тIама юккъехь лелла аьлла болчу нехан цIераш Iедалшка дIа а елла, уьш кхераме а бу, цара цхьаъ дан а мега шуна, аьлла.

Телефонашкахула цара мел дуьйцучуьнга ладугIуш хилла. Цара дIайигинчарна юкъахь цхьа зуда а ю, кхо бер а долуш, цомгуш ду цхьа бер, хьо эккха яха гIерташ хилла, аьлла цуьнга. Аш хIун дуьйцу, со муха оьккху, хIара бераш а дитина, аьллера цо цаьрга“.

Меттигерчу Iедалхоша шаьш лецначу нохчийн петаршкахь массо а хIума тIекIел тухуш, лехамаш дIабаьхьна. Амма цхьа а шеконе хIума, оькхуьйтургаш, молха, я кхийолу Iедало ца магийна хIума ца карийна царна цигахь.

Бакъду, бохуш дуьйцу кхин дIа Хьусейна, дуккхаъчу Европехь бехачу нохчийн кегийрхойн Iедал ду, шаьш олу дош ца лардеш, шайн леларшца а, духаршца а, хабаршца а шаьш Къилбаседа Кавказехь я кхечу меттигашкахь тIемаш бечу муджахIидашца хилар гайта гIертар. И бахьана долуш меттигерчу Iедалхоша царна тIе шайн тидам бохуьйту, уьш талла а буьйлало, цаьрца цхьаьна иштта церан зIе мел йолу а, бовза-беза мел болу а нах а цхьана.

Исханов: „Кхузахь хIун ду? ДIо джамаIат ю, Имарат Кавказ ю, бохуш, и къамелаш а деш, лела кегий нах. Шаьш мичахь ду а ца хаьа, дийца дезарг а, ца дезарг а ца хаьа. Я дешна а, я кхетам болуш ца хуьлу уьш дукхахьолехь. ТIемалошца цхьа уьйр хилийта лаьа царна шайн, царна са а гатдо цара. Мухха а тарбелла а, царех тарбала гIерташ лела уьш кхузахь“.

Дуьненаюкъарчу радикал исламхойн тIелатарех кхоьруш болчу Европерчу Iедалхошна бехк болуш а, боцуш а шайна шеконе хетачарна тIехь тидам латтон мел кIеззиг хIума оьшу гойту австрихойн „Ди Прессе ам Зоннтаг“ газетано кху деношкахь зорбане даьккхинчу нохчийн хIусамашкахь лехамаш бе аьлла, метигерчу инарла прокуратурано динчу омрано. Цу тIехь яздина ду, лецнарш вуно къайлене а, конспиративалле а лелара, аьлла. Шаьшна тIехь терго ян Iедалхошна хала хилийтархьама, уьш дукха адамаш долчу меттигашкахь вовшахбетталора, аьлла.

И хIума мел беламе хеталахь а, масала, дуккха а нах болчу Венерчу нохчийн базара вахар а лара йиш ма юй ишттачу кхетамца вуно къайлене а, конспиративалле а - хIетте а Iедалхошна, цара цкъа цхьа адам шеконе лаьцнехь, иза а тоьуш ду, и адам потенциалехь террорхо лара.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG