ТIекхочийла долу линкаш

Бехк боцуш хьийзаво эколог Витишко



Витишко Евгений – Сочехь олимпиадана кечамаш беш лела харцонаш Iорайохуш хьийзина эколог - кхо шо хан а тоьхна, набахти чу ца кхачош, арахь витира Туапсерчу кхело. Мехкан губернаторан бахаман керта тIе басаршца протесташ яздинера цо хIетахь. ТIаьхьо лаьцна, набахти чу кхачийра иза. Цуьнан дехарца дов юхателлина хIинца Краснодарерчу кхело. Хьалхалерра сацам битина ца хуьйцуш.

Витишко а, цуьнца цхьаьна Сочера эколог Газарян Сурен а вара хIетахь таIзаре верзийна. ШолгIаниг ведира Оьрсийчуьра кхечу махка. Витишко Евгений Iедало бехк боцуш хьийзош лору Амнести Интернейшнл-юкъаралло.
XS
SM
MD
LG