ТIекхочийла долу линкаш

Севцца Нохчийчуьра цIерпошташ



Шиъ бен ца буьтуш, шен дозанал ара нах кхачочу цIерпоштех ялх сацийна Нохчийчоьно Iедало хеннахь аьчканекъан компанина ахча дIацадалар ду бахьана. Декхаран барам соьмашкахь иттаннаш миллионашка хьалабаьлла. ЦIерпошташ совцорах лаьцна хаам бийриг ю мехкан транспортан министралла.

Иштта 12 церпошт сацийна луларчу Ставропол-махкахь а, амма цигахь Нохчийчохьчул дуккха а алсам болх бо аьчка некъо. Бахархошна уггаре а лазаме ду Соьлж-ГIалара Хасу-Юьрта лелла цIерпошт сацар, нохчийн Дагестанерчу базаршка эхар дацлур ду хIинца.
XS
SM
MD
LG