ТIекхочийла долу линкаш

Шех а, Делах а кхоьручу адаман хатI хьакамашна чудилла Нохчийчоьнан Iедал гIертахь а, коррупцино тIех лечкъаш а йоцуш, каетта махкахь пачхьалкхан а, нехан а рицкъанах. Киса дузучохь цо ца кхоаво я долахо а, я декъазниг а.




Нохчийчуьрчу заьIапхошна беламе хета хIокху деношкахь мехкан прокуратуро шаьш ахчанца кхаъ оьцуш зуламхо лаьцна бохуш баржийна хаам.

Дуьйцург ду масех де хьалха Хьалха-МартантIерачу дарбан хIусаман коьрта лоьран гIовс Джамурзаева Асмалика шен белхан меттехь и зулам деш лацар. Оцу лоьро меттигерчу яхархочуьнгара Дубаева Еленера дехна хилла боху 320 эзар сом, цунна елла дIаяьллалц заIапхочун пенси хIоттош.

Ахча схьаоьццучохь, олуш ма хиллара, куьйга тIера схьалаьцна и зуда. ХIинца болийна боккха таллам бу боху прокуратурерчу хьостано. Лоьро динарг кхело бехке ларахь, цхьа-ши шо даьккхина а Iийра яц иза набахтехь.

Нохчийчохь оцу тайпа кхаанна ахча эцна даржхо лаьцна аьлла хезча, нахана беламе иза хетар шен бух болуш ду. Тахана кIезиг доьзалш бу, масала, ахча а делла даьккхина пенси доцуш.

ДогIу-ца догIу боху къамел дан а дац, хьан кисинахь ахча хилчхьана, цхьа а новкъарло йолуш, могуш-маьрша волчу стагана а хIоттош ду пенси. Дукхачу хьолехь, лаккхарчу барамениг. Муха даккхало заьIапхойн пенси Маршо Радиога дийцира Iайнаъ цIе йолчу зудчо.

Iайнаъ: « Ког боцуш валийначунна а, иза тIебер бу бохуш, 3-4 шо хьалха дара-кх и хIума, со ВТЭК-е яхча. И зуда елха а йоьлхуш, елира цу чуьра ара. Хала муха дац? Ду дера. Вала воллучунна-м цара иза дала а ца ло. Эцца, шайн шортта ахча долучарна-м ло иза хеццна. Дуккха а бу вайн и пенсеш схьаийдина. Кегирхой бу, заьIапхой бу бохуш, пенсеш оьцуш. Ма-дарра бакъдерг дийцича, иштта ду иза».

Делах ваьхьар вацара-кх, цомгуш воццушехь, заьIапхо ву аьлла ,пенси эца аьлча, нахана тамаше, хьо кхечу дуьненера веана волуш санна хета. Шена а, шен чуьрчу массо берана а даьккхина, кхин тIе хилахь, доккхур а ду, элира Маршо Радион корреспондентаца шен къамелехь цIе яьккха ца лиинчу цхьана Шелан кIоштарчу вахархочо. И хIума деш, шена цхьанна а тайпа эхь а ца хета хIокху пачхьалкхах, боху цо, тIом а баьккхина, шен мел долу дахар а, Iалашонаш а харцийна йолчу.

Иштта, шайна са а йоккхуш, Iедпана бекхамбечеран бехкенна, и пенси догIучарна хала хуьлу иза даккха. Хийла стаг гур ву, милла а дIавахча, карахь Iасанаш йолуш я заьIапхочун гIента тIехь, ВТЭК олучу хьукматна хьалха лаьтташ. Цигахь болх бечу лоьрийн буьрсаллах-м дуккха а хIумаш ду дийца муьлххачу а стеган.

Кхин ца хьа хIума ду оцу хьокъехь тIетоха. Тахана-кхана ца хаьа, амма, Москох реза яц Нохчийочхь заьIапхой дукха баржарна, комиссеш кечъеш ю яийта. Царна я шорттаахча охьадилла деза кхузарчеран, я цхьаъ жоьпе хIоттон везар ву, Iедалан ахчанаш диина аьлла.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG