ТIекхочийла долу линкаш

Къамелаш деза дара, мидалш кIезиг ю оьрсийн олимпхойн


Оьрсийчоь -- Олимпиадан 5-гIа де, Сочи, 12Чил2014

Оьрсийчоь -- Олимпиадан 5-гIа де, Сочи, 12Чил2014

Мехкарийн «Тату» тобан «Уьш тхуна тIаьхьа кхуьур бац» йиш Сочехь олимпиада схьайоьллуш курра лекхнехь а, аьтто бац цкъачунна Оьрсийчоьнан спортхошкахьа. Алссам дешин, детин, йоьзан мидалш яьхна шена луларчу Карелел а бен йоцчу Норвегино.




Олимпан ловзаршкахь хьаша-да тIеоьцуш йолу пачхьалкхе Оьрсийчоь толамхойн могIаршкахь карарчу хенахь ворхIалгIачу меттехь ю. Ловзарш дIадоладелча дуьйна схьа даьллачу масех дийнахь оьрсашка цхьаъ бен дашо мидал ца яккхаелла.

Хьалхарчу меттехь хIинцалц схьа Норвегера спортхой бара. Цаьргахь цхьайтта мидал ю, шайна юккъехь йиъ дашониг а йолуш.

Ала догIу, Оьрсийчоьнан агIор Олимпан ловзархой цигахь ловзочу 15 Iаьнан спортан тайпанехь хIораннехь а дакъалоцуш бу. Амма тергамхоша дийцарехь, мел дукха а, 11 спортан тайпанехь бен мидалш яха аьтто церан хилахь тамаша бу.

Иза а нагахь санна вуно боккха аьтто церан хуьлуш нислахь бен хила там а бац. Ловзарш доладалале Оьрсийчоьнан спортан министро Мутко Виталийс динчу мукIарлонца, оьрсийн спортхойн тобанан Олимпиадехь йоьалгIа я пхоьалгIа меттиг яккха кадалахь, иза боккха аьтто лара догIу. Амма Оьрсийчоьнан Олимпанн комитетан куьйгалхочо Жуков Александрна хетарехь, шайн цIахь дIахьочу ловзаршкахь оьрсашна паргIат хьалхара меттиг яккха йиш ю.

Вевзаш волчу нохчийн спортхочунна Бадалов Русланна а хета, Оьрсийчоьнан тобан аьтто бала там бу шайн цIахь дIахьочу Олимпан ловзаршкахь хьалхара меттиг яккха я хьалхарчу кхааннех цхьа меттиг якккха, аьлла. Хийла дагахь а доцу похьманчаш я тамаше голатохарш гучудовлуш хуьлу ишттачу спортан хиламашкахь, боху цо.

Бадалов: „Суна схьахетарехь, хьалхарчу меттигашкахь карарчу хенахь мидалш ерш а хила там бу. Амма иштта Оьрсийчоьнан тоба хила а там бу. Чот воьдуш йинарг яц, вогIуш йинарг бен, олуш ду нохчийн. ХIинца бен доладелла дац и ловзарш. Хийлаза Олимпийн ловхаршкахь а, дуьненаюкъарчу чемпионаташкахь а дагахь доцург хуьлуш нисло, керлачу спортхойн аьттонаш хуьлуш а хуьлу, цара толамаш бохуш а хуьлу.

Къаьстина шен цIахь ловзарш дIахьош хилча, аьттонаш алсам бовлу. Оьрсаша хьалхара меттиг я кхаа меттигах цхьаъ яккха мегаш ду. ХIинца а цара иза ца яккхахь, цкъа а хьалхара меттиг хир ю аьлча со-м ца теша! Иштта аьттонаш болуш меттигаш церан кхин маца хир ю-м ца хаьа суна“.

Амма дуьненаюкъарчу тергамхошна хетарехь, Оьрсийчоьно кху ловзаршкахь мел дукха а ялхалгIа меттиг бен яккхахь тамаша бу. Ткъа хьалхара меттиг, иштта бозуш боцучу дуьненаюкъарчу аналисташна хетарехь, Канадерчу тобано яккха мега, шозлагIчу меттехь Норвеги а хуьлуш. И шайн шайхаллаш цара дуккхаъчу шерашкахь бинчу тергамашца бакъбо. Иштта, масала, 1980 шарахь дуьйна Iаьнан Олимпан ловзаршкахь, уьш мичча а пачхьалкхехь дIахьош делахь а, шайн мидалийн терахьаш алсамдохуш богIу канадахой.
XS
SM
MD
LG