ТIекхочийла долу линкаш

65 тIалиб дIахецна набахтера



Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташна вуно халахета ОвхIанистанан Iедало БагIрамерчу набахтехь латтавеш хилла 65 тIалиб мукъаваьккхина. Кхелах чекхбовлаза болу и нах еарий дийнахь арахецна стохка и набахти Iамеркахоша шега дIаеллачу ОвхIанистано.

Халахетар кхайкхийначу Кабулерчу Iамеркан векалто, хинйолчу тIаьхьалонах жоп мехкан Iедало ша лур ду, оцу арахецначу нахе адамаш ца дайийта, кхин лехийтарш ца дайта гIайгIа а цо ша бан беза, боху шен дIахьедарехь.

Оцу юкъанна ала догIу, нийсса 25 шо кхаьчна Советан пачхьалкхо ОвхIанистанехь тIемаш беш хилла шен эскарш цIадалийна.
XS
SM
MD
LG