ТIекхочийла долу линкаш

Герз эца веъна веза мисархо Москох



Мисаран гIаш-эскарийн куьйгалхо ал-Сиси Iабдул Фаттахь тIедогIучу шарахь хинболчу президентан харжамашкахь дакъалаца дагахь хилар шен пачхьалкхо къобалдойла хаийтина Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира ша цуьнца Москох еарийдийнахь динчу къамелехь.

Стохка Мурси Мохьаммад Мисаран президентан даржера вохош жигара дакъалаьцна ву ал-Сиси. Иза Оьрсийчу вар дузу тергамчаша, цуьнан цигахь герз эца лаам хиларца. Цхьаболчу хаамашца, шина миллиард долларна бу беш болу барт.

Хьалха Мисарна герз латтош хиллачу Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа Мурси вохийча сацийна цунна иза дохкар.
XS
SM
MD
LG