ТIекхочийла долу линкаш

Украино къастайо Оьрсийчоьнан а, Европан а юкъаметтигаш



Оьрсийчоьнан дипломатин хьалханчас Лавров Сергейс рогIехь дIахьедина, Малхбале Украинан гIуллакхашна юкъагIерта, аьлла. Германе веъна, цигарчу шен коллегица Штайнмайер Франк-Вальтерца цхьаьна пресс-конференци луш бохура цо иза.

«Политикан кризисехь бохку украинхой шаьш бевр бу хьолах хьалха, оцу принципа тIехь совца беза деса-сехьара мехкаш а», - бохура Лавровс, и кеп ца ларъярна Евробарт бехке а еш. Цунна хетарехь, Украино Москохца бан тарло барт а эшош, и пачхьалкх шегахьа ийзайо Европано. Украинаца бозучу къестамаш йозу Оьрсийчоьнанний, Европанний юкъаметтигаш, боху Лавровс Германера цIавирзича ша «Коммерсант» газетна еллачу интервьюхь.
XS
SM
MD
LG