ТIекхочийла долу линкаш

Шемахойн барт ца хилла Женевехь



Дуьнанюкъарчу векала БрахIими Лахьдара юкъарло а лелош, Шемарчу Iедалан а, гIаттамхойн а векалшна юкъахь доьлхуш хилла бертан дийцарш жамIаш доцуш дирзина Женевехь. Шоьтан дийнахь охаьхевшина хиллачу агIонаша къамел хадийна, долийна ах сахьт а далале.

Пресс-конференци луш, БрахIимис элира, ша дийцарийн рогIерчу гуламе дилла гIоьртира тIом сацоррий, ханна Шемахь кхин Iедал къасторрий, амма президентан ал-Башар Асадан агIоно и тIе ца ийцира, аьлла. Ша кхидIа Шемара хьал шайн тергонехь латточу Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн а, Оьрсийчоьнан а векалех а, Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацех а дагавер ву, кхин дIа дан догIург билгалдоккхуш, бохура БрахIими Лахьдара.

ПIераскан дийнахь президента Обама Барака а элира , Вашингтон ойла еш ю Шемин Iедале нийсо лелайойту некъ лохуш, аьлла.
XS
SM
MD
LG