ТIекхочийла долу линкаш

Президент харжа кечлуш ю ОвхIанистан



ОвхIанистанехь хила безачу президентан харжамашка кандидаташ язбеллачара дIахьедо, шаьш махкахь яьржинчу коррупцица а къийсалур ду, тIалибашца барт карон а гIертар ду, бохуш.

Кабулерчу Маршо Радион сервисна интервью луш кандидатех цхьамма, тIеман министр Iийначу инарлас Вардак Iабдул-Рахьима элира, «коррупцино юьхьIаьржа хIоттийна ОвхIанистанан чохь а, арахьа а», президент харжахь, ша уггаре хьалха коррупци эшор ю.

Губернатор лаьттинчу кандидата Ширзай Гол-Акас а бохура изза. Парламентан депутат Iийначу Султанзой Дауда ша мехкан дуьхьа тIалибашца барт лохур бу, иза бацаро пачхьалкх дакъаза яьккхина. Цуьнан даггара ву кхин а цхьа кандидат – Iеламча ХIилал Кхутбутдин.
XS
SM
MD
LG