ТIекхочийла долу линкаш

ТIалибаша кхайкхам бина халкъе



Шоьтан дийнахь ОвхIанистанерчу тIалибаша шайн къам кхайкхина, 25 шо хьалха Советийн эскарш а санна, тахана махкара Цхьаьнатоьхначу Iамеркан Штатийн эскарш а лахкаре. ТIалибийн кхайкхамах лаьцна хаам бийриг ю Рейтерс-агенталла. Кхушара ОвхIанистан юьтуш ду Iамеркан эскарш. Бухахь, уьш дIадахча, цхьадолу дакъош дита дезар айдинчу Вашингтонца реза а хилла, куьг ца яздеш, вуьсуш ву цкъачунна ОвхIанистанан президент Карзай Хьамид.
XS
SM
MD
LG