ТIекхочийла долу линкаш

Соьлж-ГIалара чуртийн комплекс йохош ю



Нохчийн къам 1944-чу шеран Iай махкахдаккхар билгалдаккхар бIаьстене дIатеттинчу Нохчийчоьнан Iедало йохо йолийна, заманаш хьалха дохийначу кешнашкара тIулгаш дIа а гулдина, 1992-чу шарахь Соьлж-ГIалахь хIоттийна хилла дагалецамийн мемориал.

Цигара чурташ Кадыров Ахмадан майда олучу метте, нохчашца лиэташ эгначу нохчийн милцошна ечу комплексе дехьадохуш ду кху деношкахь.

Халкъаца дагаялар а доцуш, мехкан администрацино и тIулгаш хьедар Iеткъаш хеза дуккха а нохчашкара чохь-арахь а, интернетехула а, Маршо Радионе кхочучу телефонан зIенехула а.
XS
SM
MD
LG