ТIекхочийла долу линкаш

Яндарбиев Зеламхин довр доцу сий


Яндарбиев Зеламха, нохчийн поэт, политик, вийна 2004-чу шарахь.

Яндарбиев Зеламха, нохчийн поэт, политик, вийна 2004-чу шарахь.

10 шо кхаьчна Дохехь, Катаран шахьарахь, рузбанера араваьлла, цIа ваха машен чухууш, нохчийн лидерех волу Яндарбиев Зеламха Кремлан геланчаша эккхийтина. Яндарбиевн-политикан амалш, некъ бевза массарна а, амма иза вара, цхьаболучара дицдахь а, къоман тоьллачех яздархо а.




Яндарбиев Зеламха уггаре хьалха байтанча лору цхьаболчу яздархоша.

ТIулг, мичхьа ша Iилларх, тIулг хилла буьсур бу Iилла,
ЖIаьла а дуьсур ду даима жIаьла а хилла.
Ткъа адам, нагахь цо дицдинехь ша адам хилар,
Тарлур ду тIулгах я, да воцу жIаьла а хилла,
Сий дайна лелар ду. Адам- и Адам ма ду! –
ХIор а шен гIуллакхца, массо а дашца а шен
Ларьян а еза цо и еза, и сийлахь цIе.
Адам и адам дуй диц ца дар ду вайна тIехь.

Зеламха а, цуьнан кхолларалла а юххера евзаш хиллачара даре до, Зеламха уггаре хьалха, цу дешан дуьззинчу маьIнехь, Делера похIма кхаьчна байтанча вара бохуш.

Ткъе итт шо сов хан ю лакхахь далийна адамаллех могIанаш цо яздина. Цуьнан байташ а ю, Шайхиев Iалвадис билгал мА даккхара, адаме болчу кIорггерчу безаман алу шайца кхерсташ. Цхьа керла хIума кхолла а ца гIерташ, тоаме хир ду аьлла хета Яндарбиевн поэзийн мах хадош, Шайхиев Iалвадис дина тоьшалла.

«Цкъацкъа вайн дог-ойла гIаттош, самукъне, цкъацкъа дахарх лаьцна ойла йойтуш, таьIна гIийла бека Зеламхин мукъам. …Иза вайга яхь-бехкаца, стогаллица дахаран некъ дIакхехьаре кхойкхуш, адамаллех буьзна, ламанан хьаьъна-сирлачу шовданах тера, цуьнан комаьршачу дагчуьра схьалиэшалуш мукъам бу. Оцу мукъамехь вайна ца хаало цхьа а тайпа шалхо».

Яндарбиев Зеламхин синхааман турпалхочо воккхавеш хестийна адамаш а, адамалла а. Цуьнан байталлехь цхьа коьрта инарла-сиз, дахаран тидаран, кхеторан шатайпа догIа а хилла чекхъяьлла и адамаллин тема:

Лакхахь ду седарчий,ду чIогIа лакхахь.
Лекхачу лаьмнел а лакхахь ду уьш.
Ткъа ас-м, царна а тIекхача дагахь,
Стигала хийла ма кхийдийна куьг…
Бацалахь зезагаш мел дукха хилла,
Ма хийла хазаниш хилла-кха уьш!...
Ткъа суна-м моьттура, тогIи чохь гинарш
Дуьненахь мел долу зезагаш ду…
Адамийн дегнаш хилла-кха бен-бен:
Цхьаъ догу, ткъа вукхо садоьIу хала;
ХIораннан кхоллам а бу нислуш шен-шен,
Амма бу массаьргахь хазалле лаам,
Лакхене лаам бу массо а дагца.
И лакхе, хазалла яккха дог хьагош,
Даим а къегийла адамна седа!...
Синтем беш сингаттам хьаьвзинчу дагна,
Адамна адамо дохьийла зезаг!
Даим а доьлийла адамна адам.

Iодара даьлча сана, хахкаделла, сихделла, хьарам-хьанал ца къестош, ног етташ, шен чаккхене кхача хьайча санна доьдучу кху дуьненахь, вала вирзинчу лазархочунна оьшучу дарбанах тера Яндарбиев Зеламхас юх-юха а, шо-шаре мел дели цуьнан къоьлла хир юй хьалххехь гинчуха хестайо адмалла.

Цуьнан синхааман турпалхо даима а бохург санна,къаночо Iасанах тера гIортор а йина, тIетийжа адамаллина. ТIетийжа шена гергахь адамалла эхь-бехкан а, гIиллакх-оьздангаллин а бух-бустам болчуха:

Адмалла, адамехь адмалла
Даго вайн ша къастайо.
Тоьу и бIаьргийн тIадамалла
БIаьрг къаго, дог хьаста я.
Амма вай кхоамза мел дукха хьошу
Хазалла, дикалла, куралла,
Довлий вайн адмаллин гурара,
Диц а дой адмалла латто уьш оьший!...

Цкъадолчунна дуьйцург кхето цхьа атта хIума хеталуш делахь а, стелахаьштигах тера шен лестина ойла дIаерзош, чаккхенехь, бегашена сана, масех дош а даладой, Iар-дахар ахкаме а дуьллуьйтуш, жоп доцчу хеттарийн йийсаре вуьгу байтанчо дешархо:

Беран ховха куьйгаш кхийда нене,
Караэцар доьхуш цуьнга ша,
Ши гIулч хета цунна гена гене,
Ненах даьлла дисна моьтту ша.

Генна гене некъ бу цуьнан дахар,
ХIинца нене санна кхийдар ду
И дахаре муьйлуш цуьнан чагIар;
Ткъа юьхь цуьнан нене безам бу.

Ирс-м цуьнан ненал генахь ду…

Деллахь ишта аьлча мел бух болуш хир ду те, харц-м хир вац те со, аьлла, шеконе вийла хьашто а йоцуш, философо санна дахар туьдуш адам ду Зеламхин синхааман турпалхо.ТIехула а доцуш, дахарх ойла йойту кху могIанаша а.

ЦIерпошт-м юха а йогIу,
Шеен рожца нисьяла гIерташ,
Адамийн лаамца бертахь,
Шен некъаш карла а дохуш,-
ЦIерпошт-м юха а йогIу…

ЦIепошто-м стаг вуьгу хийла,
Велавеш я велхош гIийла,
Дахаран хьашташ ца кхачош,
Дикане, воне дIакхачош,-
ЦIерпошто-м стаг вуьгу хийла…

ЦIерпошт-м юха а йогIу,-
Дахаран дац-кх и дойла!...

ХIун дага ца тосу, гомха а, кIорга а масане ойла йойту цу могIанаша, дийнна къам, лайтIехь Iаьржа хьоькхнаш-декъий дуьтуш, делхош махках а даьккхина, Сибрех дигар биста кхаччалц.

Адамашна юккъехь ваха тарлуш дац царех возуш а воцуш боху ойла-чIагIам санна, адамашна юккъехь воцуш ирсе хила а тарлац стаг, декъъа йиш йоцчу ирсах дан хIума дац баьхначу хьекъалдена а дайна. Стаг ирсе ву нахаца цхьаьна, хазахетар, халахетар а, цаьрца а доькъуш. Ишта ву Яндарбиев Зеламхин синхааман турпалхо а. Цо ша ирсан да лору нийсархошца, махкахошца, беза-бевзачаьрца цхьана:

…ХIоранна деза ду шениг,
Шен даг чохь , хIусамехь дуьссург.
Амма вац шенна ирсениг,
Шенна верг ирсаза вуьсу,
Мел деза делахь а шениг.

КIезиг нах бац Яндарбиев Зеламха политик санна бен ца вевзаш. Бакъду, исбаьхьаллин литературан цхьаьнакхетаралла «Пхьарматан» кхерчахь дуьйна и вевзаш хиллачу ас чIагIо йийр яра, Зеламха исбаьхьаллин дешан къайле яьстина, цуьнан доза-таронаш шорйина байтанча ву аьлла.

ТIаьхьарчу хенахь ехха маж дIа а хецна, цхьа буьрса, Iелам, суьпа стаг хеталуш васт хиллехь а схьагушдерг, ас юха а чIагIо йо - иза уггаре хьалха, массеран а санна мерза, ховха ойланаш а йолуш, дахарна тIера а волуш байтанча вара аьлла. КIезиг яцара цуьнан мукъаме евлла байташ а. Царалахь яра безамах Iенаш ерш а. Цу могIарера ю хIара а.

ТIаьххьара лайн кIайдарг ешна дIаелира.
Малхана барт кхийдош. зезаг схьакъедира,
Зазаша детица бошмаш а кхелира,-
Ткъа соьга «ца веза» ахь муха элира?

ЦIеххьана стигалахь хIиттинчу мархаша
Бода тIететтира сирлачу малхана.
Мархаша-м, даррехь гуш, йочана йохьура,-
Сан безам дIататта хьо муха яьхьира?

Дуьне а Iададеш, цIеран шед кхерстира-
Стигал а. латта а цIеххьана лестира…
Хьоца бен ирс ца гуш, ас сайнна къестийнарг
Алахьа, хьо йоцуш со муха мегира?

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG