ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Асадана реза вац Керри


Конфликт дIаерзо некъаш лахаран метта махкахь боьдучу тIамехь толам баккха гIерташ ву Шеман президент Асад Башар аьлла дIахеьдар дина Iамеркан пачхьалкхан секретаро Керри Джона Джакартехь. Даханчу кIиранах Шеман Iедалан векалшна а, оппозицина а юкъахь Швейцарехь хилла дийцарийн шолгIа мур жамI а доцуш дIаберзарна Асадана а, цуьнан гонна а критика йира Британино а, Францино а.

Францин арахьарчу гIуллакхийн министро Лоран Фабиуса дийцарехь Асад Башаран режим дуьхьал йолу муьлхха а дийцаршкахь карош долчу мсаслаIатана. Шен агIор Шеман арахьарчу гIуллакхийн министро Муаллем ВахIида КIирандийнахь бехке йира Вашингтон Женеверчу дагадовларшкахь вон климат кхолла гIертарна. Шеман Iедалийн векалшна а, оппозицина а юкъарчу дагадовларийн кхоалгIа мур маца хир бу хууш дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG