ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кеманхочо дадийна ша урхалла дон кема


Эфиопера Италин коьртачу гIала Риме доьдуш долу некъахойн кема дадийна волу стаг лаьцна Швейцарин полицино. Иза ву цу кеманна урхалла деш хилла шолагIа пилот. Цуьнах лаьцна хаам бина Женеван аэропортан администрацино. Цигахь охьахиинера зуламхочо дадийна долу некъахойн кема.

Ша динарг кеманхочо бакъдина ша Швейцарехь политикан тховкъело еха дагахь вара аьлла. Зорбанан гIирсаша дийцарехь, кема дадийнарг ву Эфипера 1983-чу шарахь вина волу жима стаг. Цуьнгахь герз а ца хилла, Женевехь кема охьахиича дуьхьало а ца йина цо. ХIинца иза лаьцна ву полицино.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG