ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путинал тIаьхьа Оьрсийчоьнан урхалле "акхарой" йогIур ю боху аналисташа


Украина -- Евромайданахь ду хIара Путинан "некъ нисбойла..." йозу долу телат, 14Чил2014
Украина -- Евромайданахь ду хIара Путинан "некъ нисбойла..." йозу долу телат, 14Чил2014

Боккъал йолу Оьрсийчура фашизм хьулъеш, цу пачхьалкхера урхалла деш долу Iедалш а, оппозици а ю аьлла хета цхьаболчу хьажархошна. Цу хиламан кхераме агIонаш йовзуьйтуш, масех артикл зорбане яьлла Оьрсийчохь.

Сочера Iаьнан Олимпан ловзарш дIахьоьчу юкъанна къаьсттина билгал ду Оьрсийчохь, фашизман амал йолу къамелаш, интернетера дийцарш. Карарчу хенахь спортах лаьцна мукъа а бакъдерг хеза оьрсийн телевизионан каналашна тIехь.

Дуккха а, боьлуш а, даггара хазахеташ болу а нах гойту. Кхечу, йисинчу хенахь, гуттар цхьана стеган юьхь-сибат а, эвларчу йистойн нахана лерина кхин долу, хьекъалца кIезга хIума дерг а ду бохуш яздо «Московский комсомолец» коьрта редакторан когаметто Муждабаев Айдера. ТIейогIучу хенахь хир долчуьнца дуьстича, иза собаран а, бакъдолчуьн а, телевизионера а, Оьрсийчохь бехачерийн а маьршонан уггар лакхара тIегIа хета цунна.

Карахь йолчу хенахь хуьлучуьнга а, цуьнан билгалонашка а хьаьжча ала тарло, юьсур ерг еккъа цхьа Советан пропаганда, амма кхин а оьгIазечу, эхь доцчу кепехь бохуш яздина Муждабаевс.

ХIинцалера Оьрсийчоь фашизм кхуьуш хенахь хиллачу Германица юстар юкъадаьлла. Цуьнан бух бу аьлла хета авторна. ХIума дукха аттачу, доцчунна тIе даккхар а, оьгIазалла а – коьртаниг – харцдолчуьнан эвсаралла, хала хеташ делахь а, цхьатера ду. Цунна тоьшаллина даладо цо, интернетехь еккъа спорт юьйцучу хенахь махкахоша вовше «байъал» ден къамелаш.

Делахь а, спортах доьзна кIезиг хIума го цигахь Муждабаевна. Олимпан ловзарш тIекхачале адам кечдинера «вайниш а», а «неханиш» стенгахь бу а дуьйцуш, аьлла хета цунна. Оццу хенахь, Олимпан ловзарш чекхдевллачул тIаьхьа хиллачу керлачу рейхан лидер Путин Владимир хир ву аьлла ца хета цунна. Иза «шайтIан йилбаз» а ду, «тиранан тиран» а ву, делахь а, цу декъера вац Путин, боху цо.

Юкъаралла Iовдала йоккхуш, империн керла культ кхуулуш тIейоккхучу харц-патриотизмо, гIазакхий боцчаргахьа хьагI кхуллуш лелочуьнан тIехьанех пайда оьцур берш кхин бу. КГБера стаг велахь а, дуккха а къаьмнийн цхьанадолчу кепехь кхиина вара.

Рейхс лидеран метта хIотта иза кIедуо а, советан кепехь эхь-бехк долуш а го Муждабаевна. Иза куьйгаллехь волуш дийнахь-буса дийцинчу харцонна юкъахь кхиинчу чкъурара хир бу и керла нах. Уьш боккъалла а кхераме акхарой ю. Цунна бехке хIинцалера, дикка бакъдерг харцонах къаста ца луш йолу интеллигенци хета Муждабаевна. Цо бахарехь, оцу тайпа нехан сайташ йовзуьйтуш-хестош болх бо цу интеллигенцино.

Иштачух ойла йолуш ю хьажархо Винокурова Екатерина а. «Берзалой» бохуш, мохь ма бетта» цIе йолчу артиклехь цо яздо, боккъал а болу кхерам хьулбеш, кхечу, кхерамечу тIегIанехь я цхьа а кхерам банне боцчу хIуманна тIедоккхучу наха дечу зенах лаьцна яздо. Цуьнан хьесапехь, «кхерам, кхерам», бохуш гуттар а маьхьарий деттаро, бакъболу кхерам тIехIоьттича, орца дан меттиг юьтур яц.
Кегийрахойн чкъурана гIазакхийн доцчу мел долчу хIумане хьагI кхуллуш къахьоьгурш, уггар хьалха, хIинца кхуьучу, тIейогIун йолчу акхаройн закъалтехь бусуьр бу. Оццу хьагI, цабезам мегатоннашкахь баржош, амма дIасабоккхуш ца хилахь, цуьнан тIаьхье, вуочу цамгаран санна хир ю боху, сингаттам бовзуьйту шина авторо. Дуьххьара уьйриг кхоллало, цунах дерриг дегIехула валаран ун дIасадаьржа.
XS
SM
MD
LG