ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вашингтона тIе ца битина Мадуран бехкаш


Шайн махкахь духьалонан акцtш вовшахтоха даuахь ю Iамерка аьлла Венесуэло шена дохкуш долу бехкаш тIе ца дитина Цхьаьнатоьхначу Штаташа. Iамеркан пачхьалкхан департаментан векало Псаки Дженнифера дIахьедар дина цу тайпа бехкаш бух болуш а бац, харц а бу аьлла.

Даханчу КIирандийнахь Венесуэлан президенто Мадуро Николас омра а делла Iамеркан 3 дипломат махкара араваккха аьлла. Мадурос дийцарехь, цуьнан бахьана дара Вашингтон Венесуэлехь къайлаха къепедацарш вовшахтоха гIерташ хилар. Iамеркан Пачхьалкхан департаментан векло Псакис бинчу хаамца, цу хьокъехь Венесуэлан Iедалшкара цхьа а офицала кехат ца кхаьчна Iамерке.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG