ТIекхочийла долу линкаш

Дозанан барт бина Оьрсийчоьно а, Эстонино а


Шина пачхьалкхана юкъахь долчу дозанах лаьцна беарт тIеэцна Москохь Оьрсийчоьно а, Эстонино а. 23 шо дара цу документана тIехь цара болх бо. Латта тIехула долчу дозанах а, хIордан дозанах а лаьцна документаш тIеийцира шина пачхьалкхао 2005-чу шеран Стигалкъекъа-баттахь.

Амма Эстонин парламенто и документаш тIеоьцуш ратификацин низамана юкъатуьйхира Оьрсийчоьнна тайна йоцу преамбула. Эстонин депутаташа 1920-чу шарахь бинчу машаран бертана тIе е тевжуш шаьш маьрша дитира Оьрсийчоьнан территори лоруш долу латтанаш схьадеха. Цул тIаьхьа Оьрсийчоь юхаелира.

Оьрсийчоьно а, Эстонино а бина барт мехала гIуллакх ду аьлла, дIахьедар дина НАТО-н инарлан секретаро Рсмуссен Фог Андерса.
XS
SM
MD
LG