ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Киеверчу майданера цIе кхин а марсайоккху оппозицин а, президентан а ца хуьлучу барто


Украина – Кхерамазаллин ницкъийн тIелатар, 18Чил2014
Украина – Кхерамазаллин ницкъийн тIелатар, 18Чил2014

Чиллан беттан 18-чу дийнахь дуьйна луьра тасадаларш ду Киевехь дуьхьалонан акце арабевллачарна а, Iедалан ницкъашна а юкъахь. Шина а агIора баларш ду – ткъеха стаг вийна. БIеннашна чевнаш хилла. Украинан президентана а, оппозицина а юкъахь хилла дагадовларш цхьа а жамI доцуш дирзина. Тахана а ира лаьтташ ду Киевера хьал.

ЦIий Iенаш, Украинехь тIаьхьарчу хенахь хиллачу бохамна лерина, Цхьанатоьхначу Штаташа кхайкхам бина, дагадовларш карладаха, аьлла. Цул сов, варе дина, Киеван урамашкахь питана туьйсучарна дуьхьал санкцеш кхайкхорг хиларна а.

Iамеркан вице-президенто Байден Джос Украинан президенте Янукович Викторе телефон тоьхна, Киевехь хуьлучун хьокъехь шен «боккха сингаттам» бовзуьйтуш. Iедалан эскарш юха а даьхна, оппозицица сихонца политикан дагадовларш дIадахьаре кхайкхина Байдена.

КIайчу ЦIийнан дIахьедарца а догIуш, шина а агIора беш болу ницкъ емалбо Цхьаьнатоьхначу Штаташа. Оццу хенахь, «ира лаьтта хьал малдаларх долу коьрта жоьпалла Iедална тIехь ду» аьлла хета Вошингтонна. Оцу кепара дIахьедар дина КIайчу ЦIийнан зорбан секретаро Карни Джейс а. Iамеркан президентан Обама Баракан администраци «инзаръяьлла» ю, дуьхьалонан акцеш шога охьатаIон хьажарх, аьлла.

Украинехь Iамеркан векал волчу Пайетт Джеффрис телефонехула CNN компанина интервью луш дIахьедар дина, Iедална а, оппозицина а юкъахь дагадовларш карладаха а, Украинехь дуккха а партеш йолу Iедал кхолла а деза, аьлла.

Оцу юкъанна, Украинан малхбалехь – Ивано-Франковскехь, Тернополехь, Львовехь а дуьхьалонан акцин декъашхоша дIалаьцна Чоьхьарчу ГIуллакхийн Министраллин а, кIоштан прокуратурин а гIишлош. Iедалийн хьесапехь, яханчу буса Львовера тIеман декъана ши эзар гергга дуьхьалончаш тIелатар бахьана долуш чевнаш хилла, сел лаххара а 30 эскархочунна. Цхьана казармех цIе тесна.

Львов-кIоштан Кхерамазаллин Сервисан урхаллина штурм ян гIерташ а хилла оппозицин декъашхой, бохуш дуьйцу меттигера Iедалша. Церан хьесапехь, ял йоккхучу министраллин урхалла а лаьцна. Тернополехь кIоштан прокуратура лаьцна. Цу чуьра документаш ара дохуш, дагош ду боху цара.

Киеван юккъе пхи автобус кхаьчна, малхбале Украинера жигархой балош, бохуш хаам бо, Маршо радионан Украинан сервисан корреспонденто. ГIала баьхкинчара дийцарехь, кхин а масех автобус ю тIаьхьа йогIуш.

Оцу юкъанна, «Беркутан» эскархой Майда лацарна тIебирзина юха а. Йозуш йоцчу майданера цхьаболчу протестхой дIа а теттина, дуьхьалончаш гоне лаца гIерта уьш. ЦIарах йина баррикадина тIе ягорг кхуьйсуш, цIе марсайоккху протестхоша, цуо милцошна новкъарло йо штурм ян.

Майданахь детташ маьхьарий ду «Киев, хьалагIатта!», «Украина, хьалагIатта!»,бохуш. Кхаарин буса дагадовларш дан хьаьвсинера оппозицин векалш а, Украинан президент Янукович а. Амма уьш цхьа а жамI доцуш дирзина. Хьал ишта мел лаьтта, Йозуш Йоцчу майданера нах дIасабевр бац.
XS
SM
MD
LG