ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинера чолхе хьал


ГIоьртина лаьтташ ду Украинера хьал. Оппозицин агIончаша дIалаьцна цхьамогIа Украинин областешкара Iедалан гIишлош. Незалежности Майданахь лаьтташ ву 20 эзар стаг. Црана го бина лаьтташ бу милцой а, чоьхьарчу эскаран дакъойн салттий а.

Украинин президенто Янукович Викторца дIахьедар дина оппозици зилах тIехъялла аьлла, адамашка герз а карахь арадовла аьлла кхайкхам а бина. Тасадаларш совцуш дац Киевехь Чиллан-беттан 18-чу дийнахь дуьйна.

Хаамийн агенталла дийцарехь, урамашкахь хиллачу тасадаларшкахь вийна лаххара 25 стаг. БIеннаш чевнаш йина бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG