ТIекхочийла долу линкаш

Вашингтон сагтотта ю Украинехь хуьлург бахьана долуш


Дагадовларш юха а дIадоладе аьлла Украинин Iедалшка а, оппозице а кхайкхам бина Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа. Вашингтоно варе бина Киевехь урамашкахь адамашана ницкъ беш болу нах, шаьш санкциш кхайкхор ю аьлла. Цуьнах лаьцна хаам бо Маршо Радион Вашингтонерчу корреспонденто.

Iамеркан вице-президенто Байден Джос телефон тоьхна Украинин президенте Янукович Викторе, шаьш Киевехь хуьлург бахьана долуш саготта хилар хаийта. Цо кхайкхам бина Украини президенте, Iедалан ницкъаш юха а бахий, хьем а ца беш политикан дийцарш дIадоладе аьлла.

КIайчу ЦIийно динчу дIахьедарца, Iамеркан вице-президенто хаийтина Цхьаьнатоьхначу Штаташа цхьатерра емал деш хилар шина а агIоно ницкъах пайда эцар. Делахь а Вашигтонна хетарехь, махкахь гIоьртина хьал дIанисдаран коьртачу декъана тIехь дуьсуш ду Iедалшна.
XS
SM
MD
LG